Новогородехь лаьцна, Нохчийчу вигинчу шинна лоьраш а, гергарнаш а тIебитар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула кхело
![Новогородехь лаьцна, Нохчийчу вигинчу шинна лоьраш а, гергарнаш а тIебитар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула кхело](https://gdb.rferl.org/18524FFE-1EB6-43B6-AC9E-99AE3F18CBD8_w800_h450.jpg)
Нуьцкъаша Нижний Новогородера Нохчийчу валийначу шина кIантана Исаев Исмаилна а, Магамадов Салехьна а тIе лоьраш бита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедожийна Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Даймахкахь шайна Iедалхой тIаьхьабевлла хиларна Нижний Новгородехь лечкъийна вара и шиъ.
Церан могушаллина а, дахарна а кхераме ду аьлла, адвокаташа динчу дIахьедарна тIетайна ЕСПЧ. Бакъоларъярхоша билгалдаьккхина, и шиъ лаьwначу дийнахь дуьйна царна адвокаташ тIебуьтуш цахиларх.
Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина карарчу беттан 4-чохь Лахарчу Новгородехь лаьцначу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдора меттигерчу Iедалхоша.
"Церан да цхьана а волуш хеттарш дира Исаевга а, Магамадовга а, информаци тIечIагIйира цара. Кху шеран Дечкен-беттан 20-чохь Котар-Юьртахь вийначу Бютукаевс куьйгалла дечу тобана юкъавогIучу Борчишвили Рустамна гIоналла дина шаьш аьлла, дийцина цу шиммо", - дIахьедо зорбанан министро Дудаев Ахьмада.
Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар.
Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.