Студенташна а, дешархошна а дехка деза гаджеташ доьшийлашка кхехьа, "Японехь а санна" аьлла Калиматовс
"Берийн хаарш лакхадахархьама а, дисциплина нисъян Iалашонца а, ишта, коьртачу декъанна, ца оьшучу контентан тIеIаткъамах уьш ларбархьама а" коьрте деана шена аьлла, кхетийна цо.
"Интерфаксо" яздарехь, Калиматов тIетевжина шен дIахьедарехь Японин зеделлачунна.
"Япони технологин агIор гена яьлла пачхьалкх юй? Ткъа шуна хаьий, церан школашкахь а, я лакхарчу доьшийлашкахь а гаджеташ кхехьа а, царех пайдаэца а дихкина дуйла? Вай ойла ян еза, Жансурат Джабраиловна, меттигерчу парламентан таро юй-те оцу кепара низам тIеэца", - аьлла, хеттаршка ваьлла Калиматов регионерчу парламентна чуйогIучу дешаран а, культуран а комитетан куьйгалхочун гIовс йолчу Аушева Жансуратаца.
Кегийрхоша а, кхиазхоша а "социалан машанашкахь йойъу" хан а кхоон еза вай аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо.