Магасехь митингехь хиллачарна тIехIоттарна гIуда тоьхна гIалгIайн муфтийна
![Магасехь митингехь хиллачарна тIехIоттарна гIуда тоьхна гIалгIайн муфтийна](https://gdb.rferl.org/B77D0427-667A-403F-8A45-96D67E1CE044_w800_h450.jpg)
1еламнехан кхеташонан декъашхоша федералан Iедалхошка лурчаха хиллачу протестийн лидерш маьршабахар дехарна, ГIалгIайчуьрчу Магасан кхело гIуда тоьхна мехкан муфтийна Хамхоев Iийсана. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам.
Адвоката Оздоев Мохьмад-Бесира бахарехь, динан дайша ГIуран-баттахь дIаяьхьна кхеташо, бакъо йоцуш хIоттийна гулам лерина, цундела жоьпалла муфтийна тIе а дожийна, цунах 10 эзар сом гIуда хьарчийна.
"Низамо магош ду гуламаш хIиттон, цигахь гулбелларш бIенне кхочуш бацахь, цундела ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле арз дина гIуда тохарх аьлла",- билгалдьаккхина адвокато.
Карарчу заманчохь кхел ю дIахьош, Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал хиллачу протестийн декъашхошна тIехь.
2019-чу шеран Зазадокху-беттан 27-чохь ницкъахоша бертаза дIа а йохош, митинг хилира Магасехь. Цул тIаьхьа митингехь дакъалаьцнарш леца болийра. Уьш бехкебо экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна а, ницкъахошна дуьхьало ярна а. Жигархоша тIе ца дуьту шайна дохку бехкаш.