Дозан хьокъехь Магасерчу протестехь дакъалаьцначунна хан тоьхна кхело
![Дозан хьокъехь Магасерчу протестехь дакъалаьцначунна хан тоьхна кхело](https://gdb.rferl.org/79ED55BF-CF1A-4AC5-BB1B-A39C325E5F25_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
Ессентуки гIалин кхело 3,5 шо набахтехь яккха хан тоьхна ГIалгIайчохь 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь лаьттан хьокъехь иккхинчу протесташкахь дакъалацарна Хамхоев Мохьмадна. Иза лаьцнера 2019-чу шеран Охан-беттан 5-чохь Магасехь Iедалан белхахошна дуьхьалоярна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Фортанга" сайто.
Кхело Хамхоев бехкевина Iедалхошна ницкъбаре нах кхайкхарна а, полицин белхахошца дуьхьаллаьттарна а.
"Изоляторехь яьккхина хан чулерича, набахтехь яккха 8 бутт гергга бен хан ца юьсу цуьнан", — билгалдаьккхина Хамхоевн адвоката.
Хамхоев Мохьмада кхелехь "тIаьххьара дош" олуш, тIе ца эцна шена бехк.
2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.