6 шо кхаьчна политик Немцов Борис вийна
![6 шо кхаьчна политик Немцов Борис вийна](https://gdb.rferl.org/de3a8846-5e33-4347-95ca-0d8717ef0209_tv_w800_h450.jpg)
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Москвахь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. "Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.