Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хийцанза дитина блогерна Джикаева Маликина дина таIзар
Юьхьанцарчу кхело кхайкхинчу тIаIзарца а догIуш, изолятлорера набахте кхачор ю Джикаева. 19 бутт хан ю цунна такха йисинарг, яздо "КП-Ставрополь" газето.
Газетин хаттарна жоп деллачу Джикаеван адвоката Бедоева Инарас хаийтина шаьш сацамна ПхьоьалгIачу кассацин кхеле арздан дагахь хиларх лаьцна.
Джикаева Малика лецира Соьлжа-ГIалахь 2020 шеран Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь. Талламан версица, наркотикаш карийра цуьнан тоьрмиг чохь, амма Джикаевас уьш шена бухакхийсина бохура. ГIуран-беттан 11-чохь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело 3 шо кхайкхийра цунна набахтехь такха.