Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ессентукерчу "гIалгIайн девнехь" лебина эшам хилларш а, тешаш а

ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь леллачу протестан лидерийн Есссентуки гIалахь хоттучу девнехь левина бехктIебахьархойн агIор ши теш а, эшамхиллачех цхьа стаг а. Адвокаташна хетарехь, прокурорийн верси тIе ца чIагIйина цара динчу тоьшаллаша.


Зазадоккху-беттан 3-чохь левинчу цхьамма бохура ша шеггара хилла "политолог" ву, ша "теллина ГIалгIайчуьра социалан-политикан хьал". Цунах лаьцна дийцира Кавказ.Реалиига кхеле озийначу Ужахов Малсаган адвоката Куриев Мохьмада.


И стаг, лебинчех кхиберш а санна, цхьа а юкъарло долуш вац кхелехь хьехочу хьелашца, билгалдаьккхира Куриевс. "БехктIехьочу агIоно вуно дукха тешаш озийна шена герга. Тахханалц схьа цаьргара суна хезна дац прокурораша тIебаьхьинчу бехках лаьцна цхьа пайде хIума, бехк тIечIагIбеш йолу информаци. Ткъа цхьаболучара дуьйцурш ду бехктIебаьхьинчийн версица нийсса бIостанехьа довлу къамелаш. Аьлча а, лецначийн агIор нисло цара ден тоьшаллаш", - бохура адвоката.


Цо чIагIдарехь, хьалхарчун а санна, прокуроран версина "нийсса бIостанехьа" нисделира шолгIачу тешо дийцинарг а. Шена хетарехь, мехкан Iедалан политико бахьана делира протесташ гIитто, аьлла оцу тешо.


Хьалхо кхело левира гулам дIасабоккхуш эшам хилла кхо полисхо. Деллачу хеттаршна жоьпаш луш, цара даредина, шайна ца гира кхеле ийзийначех цхьаммо а "адамаш ницкъ бан гIиттош", аьлла.



Нохчийчоьнца хIоттийначу ГIалгIайчоьнан дозано шайн махкера латта дIадоккху аьлла, 2019-чу шеран бIаьста гуламе бехира бахархой тахана кхеле озийначу 7 гIалгIайн жигархочо. Царна бехке дуьллу экстремистийн тоба а кхоьллина, низамаш дохор.
Магасера протестан гулам полицино ницкъаша бохийра лурчах Зазадоккху-беттан 27-чохь.
Протестан жигархошна тIехь кхел йолийра бутт хьалха Кисловодскехь, амма цигара кхелан чоьнаш готта а хетта, Ессентукерчу кхелан гIишлонехь дIахьо ладегIарш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *