Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Пригожин волу меттиг ша юьйцу, цунах кхайкхийна $250 000 шена схьало, боху Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина шен твиттер-каналехь, шена хаьа Оьрсийчуьра совдегар Пригожин Евгений волу меттиг, аьлла, гайтина ша цуьнца шен Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь даьккхина сурт. Бегаш беш, Американ Штатийн Iедало Пригожинах йолчу информацех дала кхайкхийна 250 эзар доллар дIадехна цо ФБР-е, яздо "Настоящее время" проекто.


"Оццул комаьрша кхаъ схьа ца эцча нийса хир дац, цундела ас официалехь дIахьедо: Пригожин Соьлжа-ГIалахь, со волчохь, хьошалгIахь ву. Сайн гражданан декхар кхочушдан болчу лаамца, цхьа а эхь а ца хеташ, сайна догIу совгIат схьаэца кийча ву со, амма цхьана кепехь – ахча кара схьалахь. ХIунда аьлча, сан долларшкахь миллионаш тIехь долу банкера хьостанаш Европан Бертан а, Американ Штатийн а санкцеш бахьана долуш къевлина хиларна. Ваха ца гIиртича волий со! Цундела бах, ахча оцу хьостанашна тIе ма кхоссалаш – схьаэцалур дац соьга", – яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.


Кадыровс доьху " луш болу кхаъ, $20 кехаташца чамди чу а биллина", цхьаьнгахула Соьлжа-ГIала шега дIахьажабар, цигахь ша "массарна а вевза, некъ гойтур бу".


Чиллан-беттан 26-чохь Американ Федералан талламийн бюроно Пригожин Евгений лехаме ваьккхина, цо Американ Штаташна дуьхьал бозбуанчаллаш лелорна а, 2014-2016 шерашкахь, америкахойн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа а гIерташ, иза президентан харжамашна тIеIаткъам бан гIиртина хиларна а. Совдегар лаца аьтто беш, информаци еллачунна $250 эзар доллар совгIатна кхайкхийна ФБР-о.


Ша Пригожина дIахьедина, лехаме ша ваккхар шоу а, ФБР-о шена еш пиар а ю, оцу кепехь шайн юкъараллера яккхий проблемаш къайлаяхьа гIерта иза, цундела хьийза "ешапаш лоьцуш". И дIахьедар даржийна Пригожинан "Конкорд менеджмент и консалтинг" компанин пресс-векалто.


2018 шеран Чиллан-баттахь Американ Штаташкахь ордер елла Пригожин Евгений лаца. Цул тIаьхьа иза ваьккхина Интерполан лехамашка.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *