Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Юхабоьдуш боцу некъ". Иттаннаш нохчий арабохуш бу Австрера

Австрехь депортацин набахташкахь депортацин ян кебина латтош бу иттанаш нохчий. МухIажираша чIагIдо, ницкъаллин структурийн белхахоша даймахкахь, тIехь ницкъ а бина, дайъа мегаш бу шаьш, бохуш. Цара латкъамаш бо кхелашкахула, кредиташ а оьцуш, адвокаташ лоьцу, амма Австрин федералан конституцин кхел шечунна тIаьхь лаьтта.

Депортацина кIеллахь берш коьртачу декъана кегийрхой а бу, 40-60 шераш долу масех стаг а ву. Царах дукхаха берш Австре кхаьчна бераш долуш. Деца-ненаца цхьаьна мухIажарийн статус елла царна, цигахь кхиъна а бу уьш. Цхьацца хенахь кIезиг-мезиг низамаш дохийна аьлла лецна хилла, амма тоьхна хан чекхъяьлча дIацахецна Австрера арабохурш. Цу нахе хаам бина юха уьш лецна хиларх а, мухIажаран статус дIаяьккхина хиларх а.

Гергарчара дийцарехь, уьш дуьхьал хиллашехь Оьрсийчоьнан паспорташ кечдина царна. Карарчу хенахь махкара арабохучеран кхин некъ ца бисна Австрехь баха, ткъа Оьрсийчу дIабахийтарца доьзна хаттар доьзна ду иза маца хир ду бохучуьнца. Оцу нахана депортаци ян дагахь хиллера Австрин Iедал кху беттан 4-чу дийнахь. Делахь а Москва йоьду чартеран кеманан рейс юхаяьккхира, официалан версица, депортацин лагерехь латточу нахана юкъахь коронавирус яржар бахьана долуш.

И нах махкара арацабахийта гIерта нохчийн диаспорера нах, Вена гIалин урамашка арабуьйлуш. Меттигерчу жигархоша кхелан сацамаш низамца богIуш бац, бохуш чIагIдо, царна дуьхьал цхьацца акцеш дIахьо цара. Цу тайпа дуьхьалонан акцеш хилира Австрин коьртачу гIалахь Чиллан-беттан 21-хь а, Зазадоккху-беттан 6-чу а деношкахь а, ткъа иштта хIара бутт болалуш 3-хь депортацин набахтин кевнехь а. Царна юкъахь дакъалоцуш бара бIеннаш нохчий а, царна тIехIиттина болу меттигера бахархой а.

Депортаци йина нах дIабуьгур болчу кеман рогIера рейс маца хир ю хоуьйтуш дац. Iедалша иза къайладаьхьна аьлла хета нохчийн жигархошна, дуьхьалонан акцехь дакъалоцучаьрга аэропорте боьду некъа ца бехкийта. Цхьаболчарна хета шаьш йина митингаша а, пикеташа а Iаткъам бина, цундела собардеш ду Австрин Iедалш и нах дIахьажорехь аьлла.

Стохка шо чекхдолуш, кхело нохчашна депортаци ярехула сацамаш бинчул тIаьхьа а хилира цхьамогIа акцеш мухIажираш арабахарна дуьхьал. Цул тIаьхьа сацийра уьш динна тобанашкахь арабахар.

"Суна тIаьххьара шанс оьшура"

Таханлерчу дийнахь нохчашна уггар кхерамениг ду депортаци яр, боху "Ичкерин культуран ассоциацин" векало Дунаева Розас.

"Дерриг а доладелира 2017-чу шарахь, аьтту агIорхьара популисташ Iедале баьхкича. Цара тIеийцира эмигранташна дуьхьал хьажийна низамаш, уьйраш дIатесира Оьрсийчуьрчу ницкъаллин стрктурийн балхахошца а, Iедалхошца а. ТIаьхьо и популисташ гучубехира, уьш дIабахара, амма цхьа кIеззиг гIалат даьлла лецна болчу нахана депортацеш ярх лаьцна низамаш дисира.

И бахьана долуш, кхел а ца еш, бекхам бар ловш бу мухIажираш. Стохка шо чекхдолуш Оьрсийчу депортаци йина волу Тамаев Хьасан лачкъийра ницкъаллин структурийн белхахоша, иза вайна Нохчийчохь. Маситта бутт а бу тхуна цунах хIун хилла ца хуу", - дуьйцу Дунаевас.

Карарчу хенахь Австрера арабаха кечбинчу нахана юкъахь ву 24 шо долу Венера вахархо. Цуьнан цIе ца йоккху ас цуьнан кхерамазалла ларъеш. Иза (Малхбузерчу) Европе валийна Нохчийчуьра 9 шо долуш. Карарчу хенахь иза а, цуьнан жимаха волу ваша а аравоккхуш ву махкара. Дукха хан йоццуш кехат дахьийтина цо Австрин Iедалшка, ша оцу махкахь витар доьхуш.

"Масийтта гIалат далийтина ас сайгара. Суна хаьа ас динарг нийса доций. Гуо вон хилар бахьана долуш харц некъа ваьлла лелла со. Набахтехь со волуш дукха ойланаш йина ас. Дохковаьлла айса гIалаташ довлийтарна, гайта лаьа суна, со дика лелалур волуш хилар. Бала хьогуш ю сан нана. Суна цабевза ала мегар ду Оьрсийчохь нах, ца хаьа суна оьрсийн мотт. Цамгар ю сан пехашца. Набахтехь латторо кхин а халчу яьккхина и цамгар. Суна оьшура тIаьххьара шанс", - аьлла ду кехата тIехь.

Кхин цхьа аравоккхург ву Нохчийчуьра схьаваьлла 40 шо долу стаг. Эпилепси олу цамгарца бала хьоьгуш ву иза. Цуьнан гергарчара дийцарехь, иза коьртаца цамгар йолуш а ву, дарба оьшуш а ву, ткъа цунна депортаци еш ю.

Стаг махкара аравоккхуш кхело бинчу сацамехь далош ду цхьатерра бахьанаш, депортаци ян лаьцна латтор бух болуш ду, нийса а ду низамашца аьлла. Цул сов, документа тIехь билгалдоккхуш ду сацам хийца дехарш дар мегар дац аьлла.

Чубоьхкинчеран гаргарчара дийцарехь, цаьрга хIоранга а кехата тIе куьг таIа дойта, шен лаамехь махках волуш ву ша олий. Цо жоьпалла тIерадоккху Австрина, кхин дIа цунах хIуъа хилахь бохучух.

Дунаевас дийцарехь, шанс ю Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело нийсонца йоцу депортаци яр сацо мега аьлла, амма иза дайта оьшу мехала тешаллаш.

"Тешаллаш, халахеташ делахь а, хир ду депортаци йинчул тIаьхьа, уьш лецна Нохчийчохь набахтина чубоьхкина хьийзийначул тIаьхьа. Нисло, Австрино кхалха таIзар дар санна нохчашна: цхьана хенахь ледарло яларна набахте хьажор, депортаци яр, ткъа кхоалгIа таIзар до царна Кадыровн администрацино", - боху Дунаевас.

Цо дийцарехь, цо петици хIоттийнера депортацина дуьхьал, амма цунна кIеллахь куьг таIийна нах дукха кIезиг бара. Оццу хенахь Дунаева тешна ю, Европерчу пачхьалкхийн Iедалшна хууш хиларх, Нохчийчу хьажийначу нахана кхерам буйла.

"Цигахь (Оьрсийчохь) лелаш яздина доцу лагеран низамаш ду, адаман кхоллам битина бу Оьрсийчуьрчу никъаллин структурийн белхахошка а, меттигарчу администрацин ялхошка а шайна луъург леладайта", - билгалдоккху цо.

Дунаевас дагадоуьйту Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш кIоршаме йохош хиларх лаьцна 2018-чу шарахь ОБСЕ-н даима болх бечу кхеташонехь доклад йина хилар. Нохчийчохь кхел ца еш дуккха адамаш дайарна Оьрсийчоьнна духьал йолийна Москван механизм олучу талламан жамI дара иза.

Жоьпаш доцу хаттарш

2018 шарахь Австрино тIе куьг ца таIира Цхьаьнакхеттачу Къьмнийн Вовшахтохаралло кечйинчу миграцех лаьцначу пактана, оцу документа тIехь эбина бу мухIажаралла а, белхан миграци а боху кхетамаш аьлла. Цул сов, Австри саготта яра миграци ян йолу бакъо адамийн коьртачу бакъонашна юкъатоха мегаш хиларна. И бахьана долуш, таханлерчу денна мухIажиран кхоллам Австрехь бозуш бу чоьхьарчу низамех, дуьненаюкъарчу низамех боьзна боцуш.

"МухIажираш цIа хьовсош Австрино ца дохадо шен чоьхьара низамаш, - кхетадо хьал юкъараллин жигархочо Ипаев Хьамзата. – Амма дуьненаюкъара низамаш кIоршаме дохош ду, ткъа депортаци ян кечбинчу кегийрхошна ца девза Оьрсийчуьра хьал. Уьш боьлла низамийн пачхьалкхехь баха, болх бечу Австрин низамашца баха. Оьрсийчохь царна гурберг гIурт бу, ткъа Нохчийчохь цаьрга хьожуш ду муьлхха а лар ца луш дош алахь дийр долу таIзар".

Ипаевс дагадоуьйту Нохчийчохь коллективан жоьпаллан кеп лелош хилар, "ден а, ненан а гергарнаш а гулбой, цаьрга къинтIера довлар дехийтар, массарна а юкъара таIзар деш".

Цо дийцарехь, Австрин юкъаралла кхеташ ю Оьрсийчоь урхалла дарехь тоталитаран кеп йолу пачхьалкха хиларх, ткъа цундела Австрера кхечу диаспорийн векалш а бу нохчашна тIехIиттина.

"Жуьгтийн диаспорерчу тхан доттагIаша карарчу хенахь вайн махкахошна депортаци яр дусту Холокостца а, 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а махкахбахарца а. Уьш тхоьца цхьаьна дакъалоцуш бара депортацин набахтина хьалха хиллачу митингехь. Оха хаттарш дира Iедалан векалшка, махкахбохучу нахах жоьпалла шайна тIелоций аш аьлла.  Амма депортаци йинчул тIаьхьа лачкъийна волчу Тамаев Хьасанан гергарнаш ур-аттал хаттарш дала а кхоьру цуьнан кхолламах лаьцна. Цундела дала жоп дац тхан оцу хаттаршна", - боху нохчийн диаспоран жигархочо.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Молодой человек задул свечи и избил прихожанку в московском храме

Раменские студенты победили на всероссийском чемпионате «Профессионалы» по мехатронике

Врач рассказала, в каких случаях гипервязкость крови считается неотложным состоянием

Участники проекта «Первые в медиа» побывали на экскурсии на Народном телевидении Мордовии

Музыкальные новости

Футбольный фестиваль «ЦСКА — Все сюда!» провели в Одинцове

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

В аэропорту Пулково задержали девять рейсов и отменили еще два

Новости России

Раменские студенты победили на всероссийском чемпионате «Профессионалы» по мехатронике

В Москве стартовал фестиваль "Мороженое и сладости"

Участники проекта «Первые в медиа» побывали на экскурсии на Народном телевидении Мордовии

Врач рассказала, в каких случаях гипервязкость крови считается неотложным состоянием

Экология в России и мире

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Где реально можно купаться летом в Москве и Подмосковье: 8 пляжей которые оборудованы для летнего отдыха

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Moscow.media

СЛД «Красноярск» компании «ЛокоТех-Сервис» получило право ремонтировать грузовой электровоз «Ермак» в объеме ТР-2

Страхование грузов: 7 правил безопасной перевозки

Мост в Нагатинском затоне готовят к установке пилонов

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *