Ткъех шарахь лаьттах Iиллина бомба яьккхина Нохчийчохь
"Иза вуно кхераме а хилла, жимма а меттах яьккхича эккхар а йолуш. Бомба хьалаяккха дуккха а зеделларг долу Ростов гIалара говзанчаш бара кхайкхина", - аьлла, билгалдаьккхина Нохчийчуьрчу Орцанан министралло.
Говзанчийн аьтто баьлла и бомба, цигара кхераме йоцучу метте дехьа а яьккхина, вовшахяккха.