Лахарчу Новгородера лаьцна валийначу шина кхиазхочо юха а дIахьедо, шаьшинна тIехь ницкъбарх
Шина кIанта бинчу латкъамца, Серноводскан кIоштарчу полицин декъехь Магомадов пенах виттина, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
Исаевс дийцина, шега а, шен доттагIчуьнга а кехаташ делира, цу тIехь дерг кхелан кхеташо хилале дагахь Iамаде аьлла. Бертаза даьхна тоьшаллаш хилла цу тIехь охьаяздина.
Чиллан-баттахь дийца даьккхира Нижний Новгородехь меттигерчу полисхоша 17 шераш долу Магамадов а, Исаев а лачкъорах лаьцна.
Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх.
Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхьулуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.