Шина нохчочунна тIелатар дина Францехь. Цхьаъ комехь, ткъа шолгIаниг чолхечу хьолехь ву
Динчу зуламна бехке ву аьлла, шеконашца лаьцна оцу меттигна гергахь, карахь герз долу меттигера 21 шо долчу вахархо. Цкъачунна дуьйцуш дац, иза стенгара схьаваьлла а, мича бахьанашца тIелетта хилла а.
Зулам хилла кIошт, криминалан девнаш луьсту меттиг хилла яьлла. Стохка пхоьазза зулам лелийна цигахь, герзашца.
Хьалхо хааме даьккхира, Францерчу Лион гIалин бехккъасторхойн кхело цхьана шарера ворхI шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш кхайкхорах Нохчийчуьрчу веа вахархочунна. Церан карах велла 2017-чу шарахь 45 шо долу курдо.