Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемахь тIеман тийсадаларш карзахдаьхна, байъина нах а бу

КIирандийнахь Шеман малхбузерчу Алеппо провинцерчу Эль-Атариб гIаларчу дарбанан цIенна тохарш дина байъина меттигера бахархой. Вийначу ялх стагаца жима бер а ду. Дуьненаюкъарчу кӀелхьарабахаран комитето дина оцу кепара дIахьедар. Чевнаш йина 16 стагана, царлахь пхиъ лазартнен белхахо ву.


КIирандийнахь Тукойчоьнан тIеман министралло а цхьана хаам бира, Шеман пачхьалкхан артиллерис Эль-Атариберчу дарбанан цIенна тохарш дина аьлла.


Стохка Зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъахь хиллачу маслаIатан низамаш а дохош, долийна ду и тIелатар.


Туркойн "Анадолу" агенталло дийцира кIирандийнахь, Зазадокху-беттан 21-чохь, цхьа стаг вийна, шинна чевнаш йина, цара чIагIдарехь, Шеман къилбаседа-малхбузехь Оьрсийчоьнан кеманаша тохарш дина.


Авиарейдан Iалашо хилла, дийцарехь, Идлиб провинцерчу Сармада гIалина а, Туркойчоьнан къилберчу Хатай провинцерчу Рейханли кIоштана а юккъерчу  М4 шоссена чуйогIу кIошт.

Тохаршна кIел нисъелла бензин дутту станци а, йохка-эцаран мохь чохь болу машенаш а, ишта, меттигерчу гуманитаран организацино охьабиллина латтон гIирс чохь болчу гIишлонна гергара доза а.


ТАСС агенталло кIиранан суьйранна дIахьедира, Туркойчоьнан тIеман министраллана тIетевжина, Москвана дIахаийтина "Шемахь герзашца болчу ницкъаша Идлибехь бен тIом сацон безарх".


Иштта ТАСС агенталло терго йина, кIиранан дийнахь туркойн тIеман урхалло даржийначу дIахьедарца а догIуш, Шемарчу эскарша "Эль-Атариберчу дарбанан цIенна тохарш дарх, цул тIаьхьа Идлиберчу Каха кIоштарчу нах бехачу деэслакацин зонехь а, Сармадерчу кир дIасалелочу машенашна а, трейлершна а ракеташ еттарх".




Хонкаран официалан реакцина тIетевжинчу ТАСС агенталло хаам барехь, Оьрсийчоьно Димаьшкъана тIеIаткъам баре ладоьгIуш ю Туркойчоь, Шемарчу буьйранчашка тIелетарш совцадайтархьама.


ХIара керла хаам зорбане боккхучу юкъанна, (01:30 Москварчу хенаца) Оьрсийчоьнера цхьа а комментари яцара.


Дуьненаюкъарчу Францин (RFI) радиос хаам бира кIирандийнахь, кху беттан 20-чохь, дахначу шоьтан дийнахь, туркойн эскарша Шеман демократин ницкъийн позицешна тохарш дина аьлла. Царлахь доккхахдолу дакъа курдойн вовшахтохараллех лаьтташ ду. 


Хонкарна хетарехь, Туркойчоьно "терроран организаци" леринчу Курдистанан Белхан партех боьзна бу уьш.


ТIемаш боьлхучу заманчохь Шеман демократин ницкъийн агIончаша дуьхьало латтийра террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна регионехь, билгалдоккху RFI радиос.

Дуьйцург ду 2019-чу шарера схьа дуьйна туркоша дуьххьара курдойн позицешна дина тIелатар. ХIетахь Хонкарас "Машаран хьоста" аьллачу цIарца Шемарчу курдашна дуьхьал операци йолийра.


Шемаца дозанехь йолчу 120 чакхарма меттигна тIехула шайн контрол дIахIоттон аьтто белира туркойн. ХIетахь курдой оцу кIоштара дехьабевлира. Туркоша йолийна операци емал йира НАТО-н пачхьалкхаша, шайлахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Франци а йолуш, билгалдоккху RFI гIирсо.


2011-чу шарахь болабелла Шемахь тIом. Адамийн бакъонаш Iалашъярна тIехь шайн терго латточу Шеман мониторинган центро мах хадорца, оцу тIамехь вийна 380 эзар сов стаг, 115 эзар - маьрша нах.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *