Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло гIодийр ду ХьаьжцIа бахнарш коронавирусах Iалашбеш
![Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло гIодийр ду ХьаьжцIа бахнарш коронавирусах Iалашбеш](https://gdb.rferl.org/D6E78044-34A6-46DA-9E88-7C633ED09D61_w800_h450.jpg)
Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло (WHO) шен официалерчу сайтехула хаам баржийна ша 2021-чу шарахь гIодийр ду баккхий барамаш дIабахьа леринчу Малхбалерчу пачхьалкхашна COVID-19 цаяржийта бечу балхаца, шайлахь бусалбанийн ХьаьжцIа бахар а долуш, аьлла.
"Алссам адамаш гуллучу барамаша лакхабоккху COVID-19 цамгар яржарна болу кхерам. Оцу барамаша аьтто ло Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетараллина, мехкашна юкъарчу медицинан низамашца а догIуш, пачхьалкхашна медикийн коьрта потенциал чIагIъян", –аьлла Цхьаьанкхетараллин Малхбалерчу декъан директора Ал-Мандхари Ахьмада.
Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло билгалдаьккхина, "СаIудийн Iаьрбийчоьнан пачхьалкхо къобалбо и сацам, Iумрат а, хьаж а дечу муьрехь "дерриг дуьнентIера вуно дукха адамаш вовшахкхетар дуйла а кхетош", аьлла.
СаIудийн Iаьрбийчоьнан могашаллин министра Ар-Рабийа Тауфика дIахьедина, арахьара нах махка зерат дан бахка магочу хьолех коьртаниг ду коронавирусна дуьхьал вакцинаци йина хилар, аьлла. Хьаьжой декхаре хир бу зерат дечу ерриг а хенахь маcканаш лело а, дистанци кхаба а, дезинфекцин кочаллех пайдаэца а.
2020-чу шарахь коронавирусан пандеми бахьана долуш СаIудийн Iаьрбийчоьно ХьажцIа баха некъ ца биллира арахьарчу нахана, 10 эзар бен вацара ХьажцIахь хилларг – бухара бахархой а, тIебахккарх махкахь бисина кхечу мехкашкара нах а. Ткъа 2019-чу шарахь фарз кхочушдан дерриг а дуьнентIера бахара 2,5 миллион нах.
Эха шарахь къевлина лаьттина некъ Макка ваха биллира дIадахначу шеран гурахь.
ХьаьжцIа кхача нахана аьтто бечу цхьана туроператоро гайтарехь, зерат дийриг кхушара дала дезар ду 3000 доллар гергга ахча (200 000 соьмал совъоьккхуш).