Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчоьнан муфтийс дехар дина жигархошка, мацалла юхаяккха аьлла

Кхайкхийна мацалла юхаяккхар доьхуш, кхайкхам бина ГIалгIайчоьнан муфтийс Хамхоев Iийсас, "гIалгIайн гIуллакхна" тIехула лецначу жигархошка.




Цо бахарехь, дино могуьйтуш дац мацалла хьегар, хIунда аьлча, цо организмна эшам бо.


Муфтийна тIетайна иштта муфтиятан кхинболу векалш а цхьана: яртийн имамаш а, къеда волу Цороев ИсмаьIал а.


"Оцу Iедална дуьхьало еш мацалла хьоьгуш ду шу, амма цо шун гIора эшор ду, и ду Iедалхошна луург - ГIалгIайчоьнан бахархой гIелбар", - аьлла, дIахьедина Альтиево олучу эвлан имама Мальсагов Iусмана.


2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хIиттийначу дуьхьалонан митингашкахь дакъалацарна лаьцначу жигархоша мацалла кхайкхийра Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь "гIалгIайн протестан" лидерех лору Саутиева Зарифа юха а изоляторе юхаялийча.


Ессентуки гIалахь дов хоттучу Кисловодскан кхело изоляторера цIахь латточу хьоле яьккхира Саутиева. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтира Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигира юха а.


2019-чу шеран аьхка лецна гIалгIайн протестийн лидерш бехкебо экстремизман тобанехь хиларна а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а.


"ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти.




2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад а.


Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *