Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Европан санкцешна юкъавахийтина Висмурадов Абузайд

Европан кхеташоно (ЕС) Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яьхна, ЛГБТ-н векалшна а, Iедалхошна критика ечарна а тIехь ницкъбарна. Цунах лаьцна хаам бина кхеташонан пресс-гIуллакххоша.


ЕС-н официалан журналан зерашца, Устрада гIалин полицин хиллачу куьйгалхочух Катаев Аюбах а, мехкан вице-премьерах, ницкъхойн «Терек» декъан буьйранчах, "Патриот" цIарца дика вевзачу Висмурадов Абузайдах а хьакхалуш ю тоьхна санкцеш.


Европан кхеташонна хетарехь, Нохчийчохь ЛГБТ юкъараллан векалш лоьхуш, тIаьхьабевллачийн куьйгалла деш ву ша Висмурадов.


Катаев, динчу дIахьедарехь билгалдаккхарца, бехке ву "Оьрсийчохь шога адамийн бакъонаш хьешарна", дуьйцучу зуламашлахь ду ницкъбар а, шен лаамехь нах лецар а, сецабар а, кхел йоцуш уьш байъар а.


Евробертан пачхьалкхашка вар дихкина Висмурадовна а, Катаевна а. Нагахь санна, церан активаш шайн дозанаш тIехь йолчу банкашкахь хаалахь, уьш дIакъовлур ю аьлла.


Висмурадов а, Катаев а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а санна, дуьххьара а доцуш, рогIехь хIоттош ву санкцешна кIел – Американ Штаташа кхайкхийра царна и таIзар хьалхо. Iамеркан финансийн министралло "Магнитскийн низам кхочушдеш санкцеш кхайкхийра Висмурадов Абузайдна а (вуьшта йоккху цIе "Патриот"), Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллан СОБР "Терек" олучу тIеман декъехь гIуллакх дечу эскархошна а 2019-чу шарахь. Царна бехке дуьллура республикехь ЛГБТ-н юкъараллан декъашхойн бакъонаш талхор.




"Новая газетана" еллачу интервьюхь Гезмахмаев Сулимана дуьйцу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь нах бойъучу хенахь Висмурадовн ролах лаьцна а.


Карладоккху, Чиллан-баттахь дIахьедира Висмурадовс къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла. Лацарал совнах, цунна гIуда а тухур ду, машен лело бакъо а схьайоккхур ю, кхин а тIе таIзарш а лелор ду элира цо.


"Къаьркъа мелла стаг дIавахийта ца веза, иза чуволла веза, гIуда тоха деза, массо а хIума а тоха еза, цунна цхьа а пощада яц. ХIаллаквийр ву-кх вай къаьркъа мелларг, дополнительно вай еш йолу наказани а йийр ю, вай наказани муха йо, вайна ма хаьа", - элира Висмурадовс социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *