Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

СПЧ-н комиссино "Новая газетехьа" озабезамаш бо аьлла, тешна бу нохчийн Iедалхой

СПЧ-н комиссино

Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонна ца тайна нохчийн Iедалхошна а, "Новая газетана" а юкъахь иккхинчу конфликтан хьокъехь Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъечу комиссино (СПЧ) хадийна мах.

Газетехьа озабезамаш а боцуш гIуллакх листаран метта, цара факташ харцахьа а йохуш, церан агIо лацарх тешна бу уьш.

Дахначу оршотан дийнахь СПЧ-н комиссино дIахьедира, магийначу къамелийн гурашкара даьлла Нохчийчуьрчу Iедалхойн а зорбанхойн а дов аьлла. Нагахь санна, газете шайн претензеш елахь, зорбанна арз деш латкъамаш луьстучу Юкъараллан коллегига дIахьеде элира цара.

Иштта комиссино дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхошка, шайна дохку бехкаш бух боцуш ду аьлла хетахь, хIора пунктехь чулацаме жоьпаш ло, "маьIнедоцу, пафосе" дIахьедарш а ца деш аьлла.

Нохчийчуьрчу СПЧ-н урхаллана хетарехь, "медиасферерчу векалех лаьтташ йолу Оьрсийчоьнан СПЧ-комисси факташ хийца йолаелла", "уьш озабезамаш лелаш бу, "Новая газето" бохучунна тIе а тайна.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздо "Новая газето".

Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна.

Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йийцина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш.

"Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар) бинчу хаамца, Зазадоккху-беттан 16-хь полицин белхахоша Соьлжа-ГIала лаьцна дIавигна ТIехьа-МартантIехь веха Гезмахмаевн гергара кхо стаг. Царна тIедожийна Сулимане юхаэцийтар цо "Новая газетан» журналисташка дийцинарг.

Гезмахмаевн гергарчарна Iаткъам барцана цхьаьна республикерчу Iедалша вовшахтоьхна "юкъараллин кампани" Кадыров Ахматан цIарах полк "рогIерчу эладитанин хабарех ларъян а, республикан куьйгалла а, низамаш лардон органийн командираш а, белхахой а доцург кхолларх ларбан а".

Иштта мах хадийна "Новая газето" махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшалла довзийтарна Нохчийчоьнан Юкъараллин палато. Цо дехар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "и санна долчу хIуманашна дуьхьал низамалла хIоттор, къепе латточу урхаллийн белхахой харцонах Iалашбар" доьхуш.

"Новая газетана" а, "Мемориална" а, «Iазап латторна дуьхьал комитетана» а реза воцуш дIахьедар дина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдийс. Юьстах ца висна оцу гIуллакхна республикера информацин министр, мехкан куьйгалхочун гIоьнча Дудаев Ахьмад. Цо Оьрсийчуьра журналисташ кхайкхина Нохчийчоьнан куьйгалхойх лаьцна дуьйцучу "эладитанашна" дуьхьалхIиттаре.

Цул сов, Нохчийчуьра Iедалхой гIоьртира низамаш лардон органашна гIортор еш митинг вовшахтоха. Зазадоккху-беттан 17-хь Iуьйранна Кадыров Ахматан цIарахчу полке кхачийнера къанойн тоба. Цул тIаьхьа и баккхий нах бигира Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майдане, журналисташа зорбанехь яздийриг бахьана а долуш цаьрга шаьш эргIаддахна хилар гайтита.

Зазадоккху-беттан 15-чохь "Новая газето" зорбане даьккхина Кадыров Ахьмадан полкехь болхбинчу лакхарчу сержанта Гезмахмаевн Сулимана Нохчийчохь Iедалан белхахоша нах байъарх лаьцна дина тоьшалла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елира "Новая газето" Нохчийчохь нах байъарх лаьцна яздинчух лаьцна, элира, "газетан материал хуьлийла дац кхел а йоцуш нах байъаран тоьшалла".

"Новая газетан" информацица, 2017 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецна хиллачу нахах вийна 27 стаг. Талламан авторийн аьтто баьлла и нах ларбеш хилла теш карон. Цо дечу тоьшаллица, вийна лаххара а 13 стаг.

Нохчийчоьнан Юкъараллин палатина ахча латтадо республикан бюджетера. Шарахь цунна болхбан ло 14 миллион сом гергга.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Дело не в дороге: с какими проблемами чаще всего сталкиваются автотуристы

Глава «Империи сильнейших ведьм» Полынь задержана: что натворила колдунья?

Невидимые инновации. Станет ли остров Русский Силиконовой долиной?

МГУ восьмой раз подряд вошел в топ-100 лучших университетов мира по версии QS

Музыкальные новости

Стали известны все участники РПЛ сезона-2024/2025

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Один из лидеров «Салавата Юлаева» подписал контракт с ЦСКА: теперь официально

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

Новости России

Ушел из жизни почетный энергетик России Валентин Семенович Сысоенко

Невидимые инновации. Станет ли остров Русский Силиконовой долиной?

Откупорить мегаполис. Как Москва решила проблему пробок

Блиновские экстренно продают квартиру в элитном ЖК за 69 млн. Ещё одно жильё хотят сдать за 250 тысяч

Экология в России и мире

Глава "Рексофт" - в топ-100 отечественных ИТ-лидеров

Работник СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» принял участие в экологической акции по очистке берега и дна озера Кенон

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

Слушатель из Смоленска выиграл на «Авторадио» «Москвич 3»

Спорт в России и мире

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

Moscow.media

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

Студенты Академии Игоря Крутого раскрыли свои таланты

На орловской трассе столкнулись микроавтобус «УАЗ» и тягач «Scania», груженный дисками вагонных колес

Новые мониторы Xiaomi на российском рынке







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *