Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Инарла прокуратуре яьлла Москалькова лачкъийначу шина нохчийн кIентан хьокъехь

Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре. Кху шеран Чиллан-баттахь Гуьмсе дIакхачийра и шиъ, тIаьхьо бехкаш дехкира цу шинна гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла.


Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.




"Цул совнах, хьалхо зорбанашка яьккхинчу артиклехь дуьйцура, шина жимчу стагана ницкъбина лоцучу заманчохь аьлла. Шега бинчу кхайкхаман хьокъехь федералан бакъоларъярхочо Инарла прокуратуре кехат дахьийтина, талламбар доьхуш", - яздо урхаллан хаамехь.


Ша бинчу видеокхайкхамехь шина кIентан нанас дIахьедо, бух боцуш кхеле хIоттон хьийзош ву шен ши воI аьлла.


Зазадокху-беттан 17-чохь Магамадовс а, Исаевс а дийцира, бехкаш тIелаца бохуш, шаьшинна тIехь Iаазапаш латтийна аьлла.

Цу шиннан адвокато дийцира, шена йовзийтинчу гIуллакхан материалашкахь яздина хиларх, Серноводскан полицин декъехь Магамадовн корта пенах биттина, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш аьлла.


Чиллан-баттахь Iораделира Лахарчу Новгородехь меттигерчу полисхоша Нохчийчуьра ши вахархо лачкъорах лаьцна.


Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла. ХIетте а, царех цхьа а тIевитина вац и шиъ латточу Хьалха-Мартанарчу изоляторе, боху бакъоларъярхоша.


"Оьрсийчоьно тIедахкарш кхочуш ца дина, бозуш боцу адвокаташ Салехьна а, Исмаилна а тIекхачийтина бац, тхоьгахь цхьана а кепара информаци яц, бозуш боцу лоьраш царна тIе а кхаьчна, церан могушаллех хьоьвсина аьлла. Иштта, тхуна цхьа а хIума хууш дац, уьш бух болуш Нижний Новгородехь лаьцна хиларх а",- аьлла бакъоларъярхочо Лапина Вероникас.


Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх.


Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *