Дагестанан куьйгалхо лаьттинчун вешина 12 шо хан тоьхна
Цул совнах, Абдулатипов декхаре ву бархI миллион сом гIуда такха а. Иштта, кхелахоша дихкина цунна пхеа шарана финансийн-бахамца доьзна пачхьалкхан белхашкахь даржаш дIалеца а.
Дагестанан хиллачу куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан ваша ву Абдулатипов Раджаб. Иза лецира ХIинжа-ГIалахь Гезгамашин-беттан 26-чу дийнахь.
Талламан комитето хаам бира хIетахь, даккхий кхаьънаш а оьцуш, бакъо йоцуш бахархошна заьIапхой бу бохуш, пенсеш эца кехаташ кечдеш леллачу зуламхойн тобанехь лаьттина аьлла, шеконашка эцна Абдулатипов аьлла.
Оцу бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь лецира ишта мехкан медико-социалан экспертизан бюрон куьйгалхо Махачев Мохьмад а, цуьнан куьйгакIелара нах а. Махачевна набахтехь даккха диъ шо кхайкхийра.
2006-2016-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла ву Абдулатипов Раджаб. Цул тIаьхьа иза хилира Дагестанан Халкъан гуламан депутат.