Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Царнаев вуьйш бина сацам юхаэцар толлур ду Лакхарчу кхелехь

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лакхарчу кхело дIакхайкхийна, 2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь динчу терактна бехкеболчех дийна висинчу Царнаев Джохарна вен кхайкхийна вердикт юха меттахIоттадайта хьовсур ду шаьш аьлла. CBS News гIирсо яздо цунах лаьцна.


Мел а лахарчу инстанцин кхело бина сацам юхабаккхийта хьийзачу юстицин министралло динчу дехарца Лакхарчу кхело луьстур долуш ду и хаттар.




Трамп Дональда а, инарла прокурора а емал бина и сацам. 

"Бостонера террорхочунна Царнаев Джохарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац", - яздира Трампа шен Твиттерехь.


ГIадужу-баттахь юстицин министралла Лакхарчу кхеле елира.

Шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь хан йоккхуш ву Царнаев Флоренсехь (Колорадо штат). Дечкен-баттахь 250 эзар доллар ахча тIедожийра цо, набахтен белхахоша лийча аьтто ца барна а, коьрта туьллу кепка а, бандана дIаяккхарна а.


Ша бинчу латкъамехь цо яздинера, дискриминаци а лелайо шеца, низамехь могуьйтуш йоцучу кепехь юкъаметтигаш а латтайо шеца, ткъа ша латточу хьелаша шена массо а агIор тIеIаткъам бо аьлла.




Карладоккху, 2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 280. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира Джохар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира, шина вашас шаьш лаца тIаьхьабевллачу полисхойх цхьаъ вийна хилар а бехке а диллина.




Дареш дечу хенахь Царнаев Джохара дийцира талламчашка, шаьш лелха коьчалш вешин Тамерланан Массачусетс штатерчу Кембриджерчу петарахь кечйира, уьш еш шаьш туьканара эцначу пиротехникан патармех пайда ийцира, аьлла. Амма лерринчу ницкъашна ца карийра ларш цо дийцинарг бакъдеш.

 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *