Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

МоттаргIане кхел: Нохчийчуьра экс-прокурор Уралерчу журналисташна дуьхьал

МоттаргIане кхел: Нохчийчуьра экс-прокурор Уралерчу журналисташна дуьхьал

Красно Андрей

Федералан прессин а, экспертийн а тидаме доьжна дов ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Зазадоккху-беттан 25-чохь кхидIа хоттур долуш. Екатеринбургера URA.RU агенталла ю прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна хааман информацица эшам барна ша Хьалха-Мартанарчу кхело 15 миллион сом компенсаци яла декхареяр къовсуш. Нагахь санна сацам низаме берзахь, Оьрсийчохь прессера сий эшорна яьхначу компенсацех уггаре дукхахниг хир ю иза, прецедент кхолла а тарло цо.

2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь Хьалха-Мартанан кIоштан прокуроран гIовс волчу Залзаевца некъахьовзам нисбелира Соьлжа-ГIалахь. Цо юьгу Toyota Camry кхийтира "Лада Приора" машенна тIе, вегира оцу чуьра ши стаг, церан машен иккхира.

Хиллачу бохамах лаьцна, Toyota Camry юьгуш хиллачун цIе а йоккхуш, хаам баржийра официалехь республикан прокуратурин пресс-векалто. Оцу хаамо бахарехь, "Ладин" пассажираш Алиев Аслан а, Дандаева Элина а "хиллачу чевнех белла, ткъа хилла чевнаш а йолуш, Залзаев дарбан хIусаме кхачийна".

"Нохчийчохь прокуратурин белхахочо кхо стаг хIаллаквина. Нах дийна а болуш баьгна машена чохь", – аьлла яра URA.RU-но шен хаамна тиллина цIе. Карарчу хенахь иза йоцуш ю сайта тIехь.

Дукхахболчу хаамийн гIирсаша, шайлахь "Комсомольская правда" газета а, Чечню сегодня" агенталла а йолуш, тоамбира ши стаг велла некъахьовзамехь аларца, Залзаевн цIа а ца йоккхуш.

Некъахьовзамах долу бехктакхаман дов дIакъевлинчул тIаьхьа, экс-прокурора кхеле арз чуделла шена "Сибрехан-Уралан медиакомпанера" (хаамийн гIирс кхоьллинарг) 24 миллион сом компенсаци йоьхуш: хаам сайтехь лаьттинчу хIора 339 дийнах 60 эзар сом а къастош.

"Со дика кхетара, бехке воццушехь, бакъйоцчу информацино сайна гонах кхоьллина сурт могIарчу бахархоша, алссам наха, дIасадаржош хиларал совнах, иза сайн коллегех, прокуратурин белхахойх, Оьрсийчоьнан прокуратуран хотIах хьакхалуш дуйла а, цо дуккха а нехан Оьрсийчоьнан Федерацига болу тешам бойъийла а", – аьлла йовзийтина Залзаевс шен позици "Чечня сегодня" агенталлица къамел деш. Цунна хетарехь, хаам социалан машанехь льаттинчу хIора дийнах 60 эзар сом дехар – "иза дукха дац", хIунда аьлча, "сийн мах доза доцуш бу".

"Компенсацин барам бух боцуш къастийна бу"

Залзаевца дов Iоттадаллалц нохчийн даржахошца конфликт хилла яц URA.RU агенталла, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамел динчу цуьнан коьрта редактора Некрасов Ивана. Амма хиллачо ца боьхку агенталлина Къилбаседа Кавказера хаамаш бовзийта некъ, элира цо.

"Трафикан дукхаллица агенталла хаамийн гIирсийн топ-15 юкъахь ю, Москвал дехьарчу территори тIехь тхайниг уггаре боккха хааман гIирс бу, пачхьалкхах бозуш а бац цу тIе. 15 миллион дIадаьккхича, агенталла къовлаезар ю эр дац ас, амма цо дикка тохар-м дийр ду редакцин бюджетна", – боху Некрасовс.

Президетан гонерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоно официалехь хаийтина ша сайтехьа юйла: хаамийн гIирсашкахула йолчу комиссин куьйгалхочо Гусиев Павела дехар хьажийна Нохчийчуьрчу Iедале, хаамийн гIирс "хIаллак ма бахьара", аьлла. Мехкан Лакхарчу кхеле а, Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре а дIахьедар хьажийна пачхьалкхерчу журналистийн цхьаьнакхетараллин лидера Соловьев Владимира, URA.RU агенталлехьа бистхилла бакъоларъярхой а, хаамийн гIирсашкара журналисташ а.

"Коллегийн гIоьнца аьтто баьлла Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело нийса сацам бийр болу хьал хIотто. Юхьанца тхуна хетара, тхаьш Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийсо яре хьежа дезар ду, Нохчийчоьнан Лакхара кхел кIоштан кхелехьа лаьттар ю, аьлла. Амма хIинца тхуна го дов нийсонца листа йиш йолуш хилар. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан аьтто бу гIалат дIанисдан", – элира Некрасовс.

Билгалдаккха деза, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шен ладогIарш шозза дехьадаьхна. ХIоразза а Залзаевн дехарца, цо ша "Спутник V" вакцина шена тохийтарца доьзна могуш вац алар бахьана долуш.

"КхидIа йолчу ханна кхел яхйийр яц аьлла хета суна. Нагахь санна юха а оццу довхочун дехарца ладогIарш дехьадохуш хилахь, оха низамах пайдаэцар туьдур ду иза, арздийр ду", - бохура Кавказ.Реалиига редакцин адвоката Бибиков Павела.

Нагахь санна хьалха тIеэцна сацам хийцам боцуш битахь, кхин а лакха дов хьаладала ойла ю цуьнан – Пятигорскерчу кассацин 5-чу кхеле а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле а.

"Тхан коьрта претензи ю кхел ен меттиг нийса къастийна яцарна дуьхьал. Оха дехнера дов Екатеринбургерчу Ленинан кIоштан кхеле дехьадаккхар, цигахь ю редакци, цигахь листина цуьнан кхидолу гIуллакхаш хьалха а. Амма кхело иза ца магийна, ца хийцина тхан дехарца кхелахо а. Тхуна кхел кхечу меттехь дIаяхьа езара аьлла хета, компенсаци оццул дукха йоьхийла дац аьлла, иза цхьа а хьал а ца дустуш къастийна ю. Низамо кхел декхарейо компенсаци къастош, иза йоьхучун "хиллачу эшаме" хьаьжжина сацамбан" – боху адвоката Бибиковс.

Кхераме прецедент

Прессе яккхий компенсацеш ехар сов даьржина а дац Оьрсийчохь. Низамо ца магадо хаамийн гIирс банкрот еччул ахча цуьнгара даккха, элира Кавказ.Реалиига Президентан гонерчу адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин информацин маршонан центран куьйгалхочо Алымов Александра.

"Цхьамма шен цIе ларъеш, кхеле арздар – цхьаъ ду. Цхьаъ кхелехула хаамийн гIирсанна бекхам бан хIоттар, миллионашкахь компенсаци а ехна, иза хIаллакбан аравалар – иза геннара кхин ду", – боху Алымовс.

Регионашкахь, цо бахарехь, кхелаша нийсонца буьстина бо сацамаш. Масала, "Московский комсомолец-Астрахань" редакцера сий эшорна ши миллион сом компенсаци йоьхуш чуделла арз луьсуш, кхелан сацамо къастийна ахча дара дуккхаза а кIезиг.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Юань опускался ниже 11,5 рубля впервые с 8 июня 2023 года

Ансамбль Подмосковья стал лауреатом конкурса народной хореографии

Стало известно, каким конкретно продуктом в салате отравились сотни россиян

Салаты с возбудителем ботулизма привезли в Нижний Новгород из Москвы

Музыкальные новости

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

Сказка Ульгэра «Волшебные башмачки Элли» по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Футбольный фестиваль «ЦСКА — Все сюда!» провели в Одинцове

Новости России

В Восточном округе благоустроят «народную тропу» по инициативе жителей

Ансамбль Подмосковья стал лауреатом конкурса народной хореографии

Курская компания победила в номинации Национальной премии «Золотой Меркурий» в Москве

Актёр из «Слова пацана» признал вину в разбое, но не в убийстве

Экология в России и мире

Modest fashion day 2024

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Звуковые щетки для детей RL 035 Kids Pink от Revyline в онлайн-магазине Ирригатор.ру в Екатеринбурге

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Спорт в России и мире

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Moscow.media

ONLY TODAY! COMPLETE BUNDLE WITH LIDIA ONLY $69

Страхование грузов: 7 правил безопасной перевозки

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

Мобильный принтер этикеток iMove T3Pro - лёгкий, производительный, компактный







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *