Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьрчу кхело 30 эзар соьме охьабаьккхина Залзаевна лучу компенсацин барам

Ura.ru гIирсан керлачу хаамна тIехула Нохчийчохь прокурор лаьттинчу Залзаев Мурата дехначу 15 миллион соьма тIера 30 эзар соьме охьабаьккхина компенсацин барам Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Дуьйцург ю, хаамийн агенталло экс-прокурор юкъахь волуш хиллачу некъан хьовзамах шен агIонашкахь дийца даккхар.

Ura.Ru гIирсана тIедожийа 30 эзар сом компенсаци Залзаевна дIаяла. Иштта, кхело декхаре йина агенталла, Залзаев Мурадан бехках некъан бохам хиларх язйина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхон а.


"Нохчийчохь прокуратуран белхахочо кхо стаг хIаллаквина. Дийна боллушехь машен чохь баьгна нах" аьллачу цIарца хаам баржийра Ura.Ru ресурсо. Карарчу хенахь публикаци дIаяьккхина, цуьнга хьажа таро ю веб-архивехь.


Нохчийчохь кIоштан кхело 15 миллион сом охьадилла декхарейира махкахь прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна URA.RU агенталлин сайт. Агенталлин юристаша арз хьажийнера оцу хьокъехь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле.


2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъахьовзамах лаьцна бара URA.RU-н хаам. ХIетахь Хьалха-МартантIехь прокуроран гIовс волчу Залзаевн Toyota Camry а, "Лада Приора"а вовшахкхетарх лаьцна бара агенталло, Mash телеграм-канална а, Russia Today сайтанна а тIетевжаш арахецна хаам. "Лада" машенахь хилла ши стаг велира, машен иккхина, егира оцу хьовзамехь. ТIаьхьо талламо бехказваьккхира Залзаев.


Кхеле ша динчу орзехь Залзаев Мурата бехкейора URA.RU агенталла, цуьнан хаам бахьанехь шен прокуратурерчу балхах воха дезна, аьлла.




2018-чу шеран ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шичин, Шела кIоштан администрацин урхалхо лаьттинчу Ибрагимов Турпал-Iелин бехках хиллачу некъан бохамехь доьзал бийра: да, нана, церан йоI а. Ибрагимовс бехк тIе ца лецира, я иза жоьпалле а ца озийра.


Ткъа, 2014-чу шарахь нах а бойъуш, хиллачу некъахьовзамна бехкевира ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хадархо лаьттина Мейриев Багауддин.   "Интерфаксо" яздарехь, набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийра кхело Мейриевна, амма гIуллакх ширдаларна сацамбира иза маьрша вуьтуш.


ГIадужу-беттан 26-чохь хилла ю инцидент. Белхан машенахь республикан куьйгалхочун машенийн ковраца вогIучу Мейриевн бехках ши зуда йийра, шина стагана чевнаш хилира. Мейриевс бехк тIе ца лецира.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *