Италехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорна
![Италехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорна](https://gdb.rferl.org/603afa71-db03-41ab-b11f-57231ddf4b97_cx0_cy57_cw0_w800_h450.jpg)
Римехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа цо шпионалла лелорах йолчу шеконца. Инарла штабехь болх беш хилла иза, къайлахчу информацина тIекхочийла а долуш. Цуьнца цхьаьна лаьцна Оьрсийчоьнан эскархо а, цуьнан дипломатин статус зуьйш ю карарчу хенахь. Оцу хьокъехь хаам баржийна La Repubblica газето.
Лецарш нисделла италхочо Оьрсийчуьрчуьнга къайленийн кехаташ дIаделча. Капитан тIекхочийла долуш хилла Италин эскарийн а, хIордан ницкъийн а, НАТО-н белхан а информацина.
la Repubblica газето бахарехь прецедент йоцу хилам бу иза – Италехь тIаьххьара шпион лаьцна 1989 шарахь. Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорца доьзна дара иза а.
Ши кIира хьалха, Зазадоккху-беттан юккъехь, София шахьарахь лерина операци дIаяьхьира Инарла штабан эпсар лоцуш – Оьрсийчоьнан агIор шпионаж лелорна шеко йолуш айинера иза.
Инцидент бахьанехь Италин арахьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхина Оьрсийчоьнан векал, хаам бо РИА "Новости" агенталло.