18 миллион соьмана машенаш екъна Кадыровс латархошна
![18 миллион соьмана машенаш екъна Кадыровс латархошна](https://gdb.rferl.org/8357f40e-95eb-4127-95b2-9c867638174f_tv_w800_h450.jpg)
18 миллион соьмана эцна Mercedes-Benz машенаш совгIатна елла Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаа спортхочунна. Цо бахарехь, совгIаташ эца ахча делла Кадыров Ахьмадан цIархчу Фондо. Белхалойн алапашна тIера лаамза дIагулдечу ахчанашца юзуш ю Фонд аьлла, масийттазза яздира хаамийн гIирсашкахь.