Еллачу нанна тIехь коммуналах дисина ахча ялх шо долчу берера дIадехна Новосибирскехь
![Еллачу нанна тIехь коммуналах дисина ахча ялх шо долчу берера дIадехна Новосибирскехь](https://gdb.rferl.org/A98057CF-2D45-4EE0-BE07-F54C399AE391_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Новосибирскехь "Сибиран йовхонан-энергетикан компанино" ялх шо долу йоI елла кхеле, цуьнгара 26 эзар сом даккхар доьхуш. Оццул ду 2016-чу шарахь пехийн лазарх еллачу беран нанна тIехь чоьнаш йохъярх дIадалаза дисина ахча хаам беш ю Сибирь.Реалии.
ОТС телеканало бахарехь, нана еллачул тIаьхьа петарх дакъакхаьчна цунна, ненанненаца а, цуьнан хиллачу майрачуьнца а цхьаьна. ЙоьIан ненавашах "Подъём" газете дийцина, доьзалан адвокат лаца ахча дац хьал кхелехь листийта, аьлла. Цо арздина Новосибирск-мехкан берийн бакъонаш тергалъечу хьаькаме Болтенко Надеждига, амма шега ца деана, боху.
"Вести Новосибирск" газето бечу хаамца, пIераскана кхело сацам бина жоьпаллах йоI мукъа а йоккхуш, декхар кхечунна тIеяздан. ХIинца ахча охьадилла декхаре вина низамо вуьззина верас лоручу йоьIан да.