Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

1ADAT телеграм-каналан экс-модератор политикан тутмакх лору "Мемориало"

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена  тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.




"Тхан буьззина бух бу вадийначул тIаьхьа иза Нохчийчу кхачийна, цигахь ницкъаша лаьцна латтийна, адаман сий дожочу кепехь хьийзийна ала. Оха Тепсуркаев Салман лачкъош а, маршонах воккхуш а лелла лору Нохчийн Республикан (НР) ницкъаллин структураш, ткъа иза вадор "кхин ойла йолу нах "толлучу" компанин гура дуьжу", – боху бакъоларъяран центро шен хаамехь.




"Мемориална" хетарехь, Тепсуркаев хьийзор ду Iедална ен критика лаамза сацаяйта гIертар, оцо талхайо адамна маьрша хила а, кхерамзаллехь даха а, хетарг ала а, юкъараллин-политикан гIуллакхаш дийцаредан а йолу бакъонаш.


Бакъоларъярхоша Iедал декхаредо Тепсуркаев волу меттиг йовзийта а, иза вадор, цунна тIехь Iазап латтор талла а, цунна дуьхьал зулам диначарна таIзар дан а.



Тепсуркаев 2020-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь вадийра Геленджикера. Бакъоларъярхойн информацица, динчу зуламан декъахь бу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин белхахой. Цунах дуккха а тоьшаллаш доллушехь, Соьлжа-ГIалахь дуккхаза а дуьхьало йина жигархо вадор таллийтарна.
Юристы "Iазапна дуьхьалояран комитето" Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа. И видео яьккхина жигархо Геленджикехь вадийначул тIаьхьа.
Зазадоккху-баттахь Кавказ.Реалиино хаам бира, Тепсуркаев вадорах долу гIуллакх нохчийн талламчаша шайн Краснодарерчу коллегашка делла хилар довзуьйтуш.



 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *