Кадыровс бакъоларъярхошна кхерамаш тийсар юхатоллур долуш ду
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна тIехула Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх листа дуьхьалоярна мехкан Лакхарчу кхеле апелляцин латкъам хьажийнера бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра а, кхеташонан декъашхочо Орлов Олега а (Оьрсийчоьнан Iедалша "Мемориал" арахьарчу агентийн тептаре яьккхина, "Мемориал" реза яц цунна.-редакцин билгалдаккхар), Москварчу Хельсинкан тобанан куьйгалхочо Бахмин Вячеслава а. Бакъоларъярхоша адвокат лаьцнера Беньяш Михаил.
Кадыровс кхайкхамаш бира интернетехь "сий дойу" нах "байъа, чубохка, кхерабе", "нагахь санна, массо а низамаш дохош делахь а" аьлла. "Адамашна юкъара барт эгIош, эладитанаш дуьйцуш, нахана юкъа цимаш туьйсурш. Нагахь санна, и нах вай совца ца бой, байъина а, чубоьхкина а, кхерийна а, вайчух гIуллакх хир дац", - аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс.
Оцу тIехула "Мемориало" а, Москварчу Хельсинкан тобано а дехар динера Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, Кадыровс динчу къамелан чулацам талла аьлла. Цара Нохчийчуьрчу Талламан комитете дIахьажийра латкъам, ткъа уьш дуьхьал хилира охьаязйина факташ зен а, "шен дешнаш харцахьа даьхна, нийса гоч ца дина" аьллачу Кадыровн юхаваларна тIетевжина.