Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Амурехь "Ахмат" клубан куьйгалхо лаьцна рэкетца доьзна. Героин карийна цуьнан цIийца

Амур-махкахь нахера ахчанаш дахарх йолчу шеконца лаьцна меттигерчу нохчийн диаспоран лидер, меттигерчу "Ахмат" спортклубан куьйгалхо Магомадов Адам, хаам баржийна "Комсомольская правда" газето шен цигарчу хьасташна тIе а тевжаш.


Цуьнца цхьаьна лецна цуьнан белхан накъостий Алдамов Ширвани а, Гаджимагомедов Курбан а, Камилов Мохьмад а. Уьш, газето бахарехь, гIагIадиллинчу техникан эскарера контрактхой бу.




Хьасташа дийцарехь, рэкет лелош хилла лецначара. Меттигерчу цхьана бизнесхочунна "тхов" латтор бу шаьш аьлла цара бархI миллион сом цо шайна делча, ткъа важа реза ца хилла. ТIаккха цара иза лаьцна хьуьнха вигина, цигахь урс а, герз а тIехIоттийна, кхерамаш тийсина.


Лоцучу муьрехь травмат-герз даьккхина цаьргара. Ткъа Магомадовн цIийца героин а гучуяьлла, чIагIдо газето.


Амурерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллан а, Талламан комитетан урхаллан а сайташ тIехь оцу хьокъехь информаци яцара хаам араболучу сахьташкахь.



Хьалхо Кавказ.Реалиино хаам бира Южно-Сахалинскехь латархойн "Ахмат" клуб талла полици яхарх лаьцна. Талламан комитето цуьнца доьзна зен долийра хилларг, бераш лаьтта а дийшина дIадаьхьна зераш, бохура.
Латархойн клубана "Ахмат" цIе тиллина Нохчийчоьнах куьйгалла деш хиллачу Кадыров Ахьмадан хьомара. Клуб кхоьллинарг а, дIалелош верг а ву Кадыров Рамзан. Клубна тIехьожуш ву дукха хан йоццуш санкцеш тоьхна волу Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайд.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *