Европан Кхеташо: Уггаре лахара ю тутмакхашна ен харжаш Оьрсийчохь
Тутмаккхийн баларш Европехь 2019-чу шарахь 10 эзарна юкъахь 47,7 дара юккъерчу барамехь. Оьрсийчохь и терахь оццу шарахь дара 46,6 (верриг а велларг 2420 тутмакх). Амма и терахь Европан пачхьалкхийн эха декъехь 27,2 бен дац (медианан терахь олу цунах), цуьнца дуьстича Оьрсийчохь медианан терахь шозза гергга лакхара ду.
Лозаннерчу университето легарш официалан терахьаш тIехь деш ду, Оьрсийчоьнах дерг аьлча – Федералан набахтешкахь таIзар кхочушдаран урхаллера ду уьш. ХIинца довзийтина хьал Iорадоккхуш пайдаэцна Европерчу 48 набахтийн урхаллаша деллачу терахьех. Европан Кхеташонерчу 47 пачхьалкхехь 52 ю набахтийн урхалла: Испанехь – 2 (Каталонин шен урхалла ю), Ткъа Британехь а, Боснехь а, Герцоговинехь а – кхоккха. Лозаннерчу университетан хаттамна жоп дала реза ца хилла Украина а, Босни а, Герцоговина а, Беларусь а, Косово а – и пачхьалкхаш яц Европан Кхеташонна юкъахь.
Университето ца лахьийна тутмакхех долу терахьаш къовсамехь йолчу территорешкара – ГIирмера, Приднестровьера, Абхазера, Къилба ХIирийчуьра, Ломан Карабахера, уьш йоцуш – Фареран гIайрешкара, Британин Джерси, Гернси, Мэн гIайрешкара а, Гибралтарера а.