Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Чаккхе йоцу Кадыровн къийсам: тIом чекхбаьлча а мостагIий лоьхуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо  

Чаккхе йоцу Кадыровн къийсам: тIом чекхбаьлча а мостагIий лоьхуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо  

Нохчийн Республикан Лаккхарчу кхелан суьдхочо Мадаев Хасмохьмада Оханан-беттан 7-хь аюхаталла хьажийна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуш-хезаш кхерамаш тийсарца доьзна гIуллкх. Цу кепара, кхело жоп делла цхьаьнаметта масех бакъонашлархочо, шайна юкъахь "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) бакъонашларъяран центран Кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр а, "Мемориалан" Кхеташонан декъашхо Орлов Олег а, Мосвкарчу ХIельсинкин тобан гIантдех цхьаъ волу Бахмин Вячеслав а волуш, бинчу латкъамна. Бакъоналаръярхойн адвокат ву Беньяш Михаил. Апелляцина гIортор йина прокуроро Межидов Сулеймана а. ГIуллакх хIинца листа дезаш ду керлачу декъашхойх лаьттачу хьалхарчу инстанцерчу кхелехь.

ГIуллакх листар схьадогIуш ду 2019-чу шарахь Лахьанан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь бакъонашларъярхошна а, журналисташна а кхерамаш тесначу хенахь дуьйна. Иза хилира Iедалан декъашхойн шорйина кхеташонехь Кадыровс нохчийн маттахь къамел деш.

Цо кхерам тесира республикехь адамийн бакъонаш йохорах лаьцна хаамаш баржочу юкъараллин жигархошна а, ткъа иштта социалан машанашкахь республикан Iедалшна критика еш комментареш юьтучу нахана а.

Кадыров кхайкхамаш беш вара уьш совцабе бохуш, "бойъуш а, чубухкуш а, шайна луъург деш а". Цо дIахьедира и нах совцорна юкъаозобеза полицин белхахой, леррина сервисаш а, кIоштийн а, яртийн а куьйгалхой а аьлла.

И кхерамаш тесначулла тIаьхьа "Мемориалан" а, Москварчу ХIелсинкин тобан а векалша дIахаийтар (заявление) дахьийтира Орсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, Кадыровс дийцинчун таллам бахьара, цу юкъахь зуламан билгалонаш ю-яц къасто аьлла. Царна хетарехь, Кадыровс динарг дара къаьсттина цхьана социалан тобане цабезам я мостагIалла кхолла гIортар а, даржах зулам дан пайда эцар а, шен даржо луш йолчу бакъонел тIехвалар а.

Амма и дехар юхатуьйхира хилларг къасто а ца хьожуш. Процессана Iуналла дечу шолгIачу декъан куьйгалхочо Мухаметов Э.А. иза деш тIетевжира зорбан гIирсашкахь зорбане даьккхина иза харцхилар цо (Кадыровс) дийцинчух лаьцнарг, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров а кхеторехь, цо дийцинарг нохчийн маттера нийса гочдина ца хиларна.

И жоп Оьрсийчоьнан низамийн норманашца догIуш ца хиларна, "Мемориалан" а, Москварчу ХIельсинкин тобанан а векалша оцу хьокъехь латкъам бира Оьрсийчоьнан  Талламан комитетан куьйгалхочуьнга а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуроре а. ТIехьожучу органаша жоп делира иза тIе ца дитарца, "иза муха нисделла бохучух лаьцна тоьаш хаам бац шайгахь, динарг зулам хилар тешош", аьлла. ЖамI доцуш дисира бакъонашларъярхой Соьлжа-ГIалан Старопромыслан кIоштарчу кхелехь оцу жоьпана латкъам бан гIортар.

Суьдхочо Горчханов Вахтанга схьацаийцира латкъам, талламан органаша бина сацам бац аьлла. Талламхоша сацам ца бора бакъонашларъярхоша динчу дIахаийтарца боьзна, кхело гIуллакх ца листара талламхоша болх ца бина, бохуш. Гоне дирзина гIуллакх хилира оцунах. Цу кепара, "Мемориалан" а, Москварчу ХIельсинкин тобанан а векалша чIагIдарехь, церан аьтто бац нийсо лаха а, харцонца ницкъ барна дуьхьала ян пачхьалкхера накъосталла каро а.

 Ницкъбар леларан ламаст

Хуьлучо гойтуш ду Кадыров Рамзанера журналистийн а, бакъонашларъярхойн а хьокъехь схьабовлу кхерамаш даьсса къамелаш ца хилар. 2009-чу шарахь йийра журналист, бакъонашларъярхо Эстемирва Наталья, иза кхалхар дузу нохчийн ницкъаллин структурийн белхахошца. Стохка лачкъийра Нохчийчуьрчу Iедалшна критика ечу IADAT телеграм-каналан чатан администратор Тепсуркаев Салман. Стохка Австрехь а, Францехь а, вийра Кадыровн ши критик, кхин а цхьанна тIелатар динера иза вен дагахь.

Еххачу хенахь Оьрсийчоьнан официалан векалша гуш лаьтташехь бакъ йора Кадыровца йоьзна эксцессаш, Нохчийчохь машар а, тийналла а хиларна шаьш бала безаш болу мах иза болуш санна. Амма тIом республикехь чекхбаьлла дуккха а хан ю (12 шо даьлла контртерроран операцин раж дIаяьккхина), хIара ву аьлла тIемало а ца висна – мел лаххара а иштта дIахьедарш до Соьлжа-ГIалахь а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервсисо а (ФСБ). Амма республикан куьйгалхочунна керабо керла мостагIий. Кадыровн керла мостагIий тера бу Дон Кихотан механ хьеранех, хIунда аьлча уьш мостагIий хилар хууш ша цхьа Кадыров а бен цахиларна.

Цул сов, сатохалуш цахилар а, къовсаме хаттарш ницкъбеш а, я иза бийр бу аьлла кхерамаш тийсарца къастор а дIасадаьржаш ду Нохчийчохь а, цул арахьа а, республикера схьабевллачу цхьаболчу нахана ша-тайпа леларан ламаст а хуьлуш.

Кадыровхойн тIаьххьара гIакх ю Оьрсийчуьрчу яздархочун Глуховский Дмитрийн сценрина тIехь яьккхина "Топи" ("Калдаш") сериал. Социалан машанех пайдаоьцучерах цхьаболчара тIедожийра яздархочунна бехк цабиллар дехар, ткъа кхечара кхерамаш тийсира. Реза цахиларан бахьана ду сюжетан цхьа дакъа хилар сериалехь нохчийн йоI гойтуш. Иза йоду шена тIехьийзачу нохчочух Топи юьрта.

Нохчийчуьра ведда, Бельгехь вехачу ММА-н латархочух-гейх лаьцна яьккхинчу "Тихий голос" фильман режиссеро дIакъевлира шен аккаунт. Документалан кинон "Артдокфест" фестивало шен гайтамера дIаяькххина иза.

Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь лаьцна Нохчийчу дIавигира Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. И шиъ номер 2 йолчу Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторехь латтош ву Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна бохуш.

ТIом дIабирзина Нохчийчохь, амма Кадыровн администраци хIинца дIахьош ю къийсам шена моьттучу мостагIашца. Республикан куьйгалхочун тIемаш маца дIабоьрзур бу ца хаьа цхьанне а. Кадыровн Москварчу хьаькамийн баш дIоггара бала кхочуш хIума дац иза, амма оцу моттаргIане тIемашкахь эгаш  баккъалла а нах бу.

"Авторан бакъо" рубрикехь аьлларг цхьаьна ца догIуш хила а мега редакцина хетачуьнца. ХIара ю оьрсийн маттахь йолчу материалан жимма яцйина вариант.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

«Уход от доллара»: с чем связан растущий интерес мировых центробанков к золоту

Более 10 медалей завоевали псковские спортсмены на первенстве России по кикбосингу среди школьников

Круиз по Волге: Неповторимые пейзажи и города

Shell покупает сингапурского СПГ-трейдера Pavilion Energy

Музыкальные новости

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады

Автопробег в честь Дня России прошел в Ленинском округе

В рейтинге развития Тамбовская область за 2023 год опустилась на три места

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Новости России

Суд приговорил бывшего главу «Автодора» Сергея Кельбаха к 12 годам лишения свободы

Более 140 каширских школьников приняли участие в фестивале «Летом с ГТО!»

Shell покупает сингапурского СПГ-трейдера Pavilion Energy

Ансамбль из Балашихи стал лауреатом конкурса народной хореографии

Экология в России и мире

Волосы не выпадают, они стали гуще, а на лице разгладились морщины. Затрачивать можно 5 минут на массаж затылка, лба и головы

Кинопродюсер.

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Россиянам предложили премиальные туры сразу в 2 страны: рейсы начнутся из 8 российских городов

Спорт в России и мире

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Moscow.media

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

На Азина рухнул расселенный дом

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *