Къилбаседа Кавказехь къайлах герз деш хилла нах лецна ФСБ-но
Цаьргара даьккхина Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дина 222 тайпана герз: автоматаш а, пулеметаш а, тапчанаш а, 52 артиллерин хIоьънаш а, куьйга кхуссу 57 гранат а, ши минометан мина а, бархI эзар гергга патармаш а, ворхI кила ах кила молха а, тротил а.
Хьалхо а дIахьедира ФСБ-но, къайлах герзаш дечу нахана дуьхьал лерина операцеш дIаяьхьна шаьш аьлла. ХIетахь 72 стаг лаьцнера цара.