Яхиханов Рустам: «Къоман сибат деза ду суна»
![Яхиханов Рустам: «Къоман сибат деза ду суна»](https://gdb.rferl.org/f2021264-aabf-432d-a928-5d26fe28ec3b_tv_w800_h450.jpg)
Петербургехь кхиина а, цигахь корматалла яхчийна а суртдиллархо ву нохчо Яхиханов Рустам. Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь хуьлу цуьнан суьртийн гайтамаш, дукха хьолехь цигахь бо цо шен болх а. Делахь а коьрта тема ю Рустамна нохчий, Нохчийчоь: истори, дай, къам, цуьнан гIиллакхаш. Наггахь бен ца нисло даймахка вахар, амма цигахь «гулбо» цо битамаш, тидамаш, похIмаллина кхача. Яхиханов волчохь хилира Маршо Радион корреспондент.