Экстремистийн леринчу Муцураев Тимуран иллешка ладугIуш хаавелла Чимаев Хьамзат
Экстремистийн ду аьлла, Оьрсийчохь дихкинчу бардан Муцураев Тимуран иллешка ладугIуш лаьцна нохчийн "Ахмат" клубан латархо Чимаев Хьамзат. Нохчийн иллиалархочуьнга ла а дугIуш, шен машенахь воьдучу заманчохь ша дIаязйина видео инстаграм-сторисехь Iораяьккхина цо. Оппозицин IАДАТ телеграм-канало бина цуьнан тидам.
Латархочун машенахь хезаш ду "Соьлжа-ГIала, ахь мостагI латтийра", "Иерусалим" цIе йолу иллеш. ТIаьххьара илли ду экстремистийн лерина, федералан тептаре даькхинчех.
Муцураев Тимур гIаравелира Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча. Цуьнан дуккха а эшарш хьажийна ю даймахкахь Оьрсийчоьнца хиллачу тIемашна а, ислам динна а.
Ша Муцураев федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина а ву, цул тIаьхьа Азербайджане дIавахара иза, ткъа 2008-чу шарахь даймахка а вирзина, бизнес лело волавелира. Иллеш алар дитира цо.
Оьрсийчохь йихкинчу материалийн федералан тептарна тIехь таханлерчу денна иттаннаш цуьнан иллеш ду.
Социалан машанашкахь Муцураевн иллеш даржорна а, цаьрга ладогIарна а Оьрсийчохь, Нохчийчохь а цхьана, кест-кеста кхеле ийзош, гIуданаш детта.
Ша ММА-хь яьккхинчу йоццачу хенахь Чимаев Хьамзат гIаравелира турнирашкахь цIехьана баккхий толамаш бахарца. Уьссаза леташ уьссазе а туьйлира иза, царех кхо толам баьккхира UFC-юкъараллехь – рекорд хIоттийра 66 дийнахь хенал хьалха кхузза толарца. Чимаев Хьамзат спортан карьера йолочу заманчохь Швецехь вехаш вара.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша а, бакъоларъярхоша а бехкбиллира UFC-н Швецерчу латархочунна, нохчочунна Чимаев Хьамзатна, иза Соьлжа-ГIала вахарна а, цигахь мехкан куьйгалхочуьнца цхьанакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.
ТIаьхьо коронавирусан ун кхийтира Чимаевна. Зазадокху-беттан юьххьехь дIахьедира спортхочо, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс доларчу кеманца Швецера Нохчийчу валийра Чимаев. ДIахьедира, тIейогIучу хенахь "Ахмат" клубан цIарх цо летаршкахь дакъалоцург хиларх.
Кху деношкахь, шен инстаграмерчу агIоне язбеллачу цхьаболчара ша UFC-хь боху толамаш тешош бац аьллачул тIаьхьа ийначу кепехь латаршкахь ша Тайсон Майк а, Iела Мухьаммад а ву аьлла, видео зорбане яьккхира Чимаевс.