ТIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчохь 8 780 стагаца ун къаьстина
![ТIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчохь 8 780 стагаца ун къаьстина](https://gdb.rferl.org/4F828302-DCE8-4DE1-A023-A6047A506B17_w800_h450.jpg)
Коронавирусан уьнца къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь 8 780 стагаца вирус хааелла тIаьххьарчу дийнахь-буса. Верриг а пачхьалкхехь COVID-19 ун даьлла ву 4 762 569 стаг. Яхначу буса вирус кхеттачех велла 332 дархо. Пандеми яьржичхьана Оьрсичохь уьнах кхелхина 108 232 пациент. Вирус чуеачхьана товелла 4 388 008 стаг.
Оьрсийчохь Стигалкъекъаа беттан 1-чу дийнера 11-чу дийне кхаччалц мукъаденош дIакхайкхийна. Эксперташна хетарехь, доккхачу декъана офисашкахь а, школашкахь а ун даьржаш хиларна, бахархоша мукъаденошкахь санитаран низамаш лардича, вирус ца яржа там бара.