Оьрсийчоьнан машарбархойн машен иккхина Карабахехь
Ломан Карабахехь Оьрсийчоьнан машарбархой тIехь боьлху машен иккхина мини тIехь. Ши эскархо лазийна. Оцу хьокъехь, ша-шен йозушъяцар дIакхайкхийначу республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векала Тадевосян Унанас еллачу информацина тIе а тевжаш, хаам бийриг ю Радио Азатутюн.
Инцидент хилла Охан-беттан 25-чохь. Лазийна машарбархой кхачийна дарбан цIийне. Церан дахар кхерамзаллехь ду. Дукха хан йоццуш йирзинчу конфликтехь белла нах лехар сацо дезна Оьрсийчоьнан эскархойн машен эккхар бахьана долуш, боху хаамехь.
ТIемаш лаьттира Ломан Карабахехь 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 27-чуьра Лахаьан-беттан 9-чу дийне кхаччалц. Конфликт сецира Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан куьйгалхоша бартбарца.
Ломан Карабахехь ю Оьрсийчоьнан машарбархойн шина эзарнах лаьтта контингент. Иза ю шен дукхаллица Юккъерчу тIеман гонан 15-чу гIагIадиллинчу декъера.