Навальный Алексейна дуьхьал кхин цхьа дов а айдина
![Навальный Алексейна дуьхьал кхин цхьа дов а айдина](https://gdb.rferl.org/777208d8-d816-4640-87b3-644fedd69c4b_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Талламан Комитето бехктакхаман гIуллакх айдина оппозицин политикна Навальный Алексейна а, Фондан белхахошна Волков Леонидна а, Жданов Иванна а дуьхьал - наханна тIехь гIелоен а, церан могашаллина зен дохьу а цхьаьнакхетаралла кхоллар бехке диллина царна.
И дов гIаттийна хилла Чиллан-беттан юьххьехь, амма хIинца бен ца хиина цунах лаьцна. Хьахош ду дов айдина хилар Навальныйн Фонд а, штабаш а экстремизм яржош хилар зуьйш гIаттийначу девнан документашкахь, боху политикан сайто.
Оцу бехкан артиклца набахти кхачайо деа шарна. Цул совнах, стохка Стигалкъкъа-баттахь Оьрсийчоьнан президента шорбина оппозионерашна бохку бехкаш кхин а цхьана артиклца – экстремизманна бехкебинчийн бакъо яц пхеа шера чохь харжамашна юкъабаха, дагадоуьйту "Медиазоно".
Айдинчу девнах яц кхин цхьа а информаци. Карарчу муьрехь Навальный набахтехь воллу, бархI шо хьалха бехкевинчу девнан лорах. Кхело бинчу сацамца а догIуш, иза аравала веза набахтера 2023-чу шарахь. Жданов а, Волков а дозанал арахьа ву, шолгIаниг Оьрсийчоьнан дехарца лаца реза ца хилла Литува. Цунна бехке дуьллу кхиазхой низамехь йоцчу акцешка кхийлар а, гуламашкахь санитаран низам дохор а.
Хьалхо Москван прокуратуро дийхира кхеле Коррупцина дуьхьалояран фонд а (иза арахьарчу агентийн статусе яьккхина Оьрсийчоьнан Iедало), Алексей Навальныйн агIончийн штабаш а экстремизман юкъараллаш ларар. Цара пачхьалкхехь "конституцин хIоттам буху хьелаш кхоьллина", боху прокуратуро.