Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Стохкалерачуьнца дуьстича, 28 процент лакхара ду Москвахь баларш

2021-чу шеран Зазадокху-баттахь Москвахь лечу нехан терахь 28 проценте лакхадаьлла хаало цул хьалха хиллачу шераца дуьстича. Шахьаран могашлалла Iалашъяран департаментан зерашна тIетевжина бина цунах лаьцна хаам "Интерфаксо".


Терахьаллин маьIнехь аьлча, баларш совдаьлла 2 888 стагна. Департаментан информацица, кху шеран Зазадокху-баттахь верриг а велларг ву 13 эзар стаг. Оцу юкъанна, COVID-19  ун бахьана долуш кхелхина 2 898 вахархо. 


Хьалхо Росстато хаам бира, дахначу шарахь а, 2021-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь а коронавирусах а, цо йитинчу хьунах а Оьрсийчохь 248 эзара пациент велла аьлла. И терахьаш бакъ делахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Бразилина а тIаьхьа йогIуш ю коронавирусах белла нах совбовларца Оьрсийчоь.


Оцу юкъанна, Охан-баттахь Американ "Нью-Йорок таймс" гIирсо дIахьедира, коронавирусан пандемин муьрехь баларш алсам хиларца Оьрсийчоьхь лидер ю аьлла. Журналистийн лараршца, стохка Охан-баттера Дечкен-батте кхаччалц оцу тайпа баларийн процент 28 ю, вуьшта аьлча, 362 302 стаг.


Официалан дIахьедаршца, коронавирусах велла Оьрсийчохь 57 эзара сов стаг. Оцу терахьаша, хаамийн гIирсана хетарехь, шеконаш кхуллу, Путин Владимира динчу дIахьедарх. Дуьненчуьрчу кхечу пачхьалкхел а дика ларош схьайогIу Оьрсийчоь пандемица аьлла, дара цуьнан дIахьедар.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *