Мехикохь метро чохь йоьдучу цIерпоштана тIедоьжна тIай. 20 стаг велла, 70 гергга лазийна
![Мехикохь метро чохь йоьдучу цIерпоштана тIедоьжна тIай. 20 стаг велла, 70 гергга лазийна](https://gdb.rferl.org/6b7d2fc2-9beb-47c2-9bef-535ca419b04e_w800_h450.jpg)
Метро чохь боьдучу цIерпоштана тIедоьжна Мехикохь тIай, яздо Свобода Радионо. Мел лахара а, велла 20 стаг, чевнаш йина ву 70 гергга. El Universal хаамийн гIирсо бина и хаам, Мексикан шахьаран мэрна Шейнбаум Клаудина тIетевжина.
Беллачарлахь бу кхиазхой а цхьана. Мэро дийцарехь, кхин дIа йолу конструкци а тIейожарна кхоьруш, нах кIелхьарбахар цкъачунна сацийна ду. ТIедоьжначу тIайна бухахь ю масех машен а.
Дийцарехь, цхьахйолу автомобиль тIекхетта, гIортор йоьхча чудеана тIай.
Меттигерчу бахархоша дIахьедина El Universal ресурсе, 2017-чу шарахь мохк бегийча тIайн гIортораш лилхира яра, хIетахь дуьйна оцу зуламах кхоьруш дара шаьш аьлла.