Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Баьццара зона". Кавказерчу бусалбанаша Оьрсийчьурчу набахташкахь ловш дерг

"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад кечйина Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчуьрчу колонешкахь. Царна тIехь кхечу тутмакхаша Iазап латтийна а, йиттина а, хьийзийна а меттигаш ю, ткъа иза хуьлуш ду дукхачу хьолехь гергарнаш ган церан аьтто а боцуш.

Билггала хIун халонаш хьоьгуш бу бусалбанаш чубоьхкина латточу меттигашкахь, хIун бахьана ду ницкъхой Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахаца кIоршаме хиларан, хIун до шаьш чохь бохкучу наха бала хьегар сацор Iалашонца. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцира талламан авторша.

Сийзас бар, ша хилар, ислам дин лело новкъарло яр

Адамийн бакъонаш йохор хуьлуш ду ерриг а Оьрсийчохь. Иза хуьлу лаьцначу хенахь дуьйна. Вуно даьржина ду иза чуволлале хьалха таллам дIабоьдучу хенахь. ГIуллакх толлуш шен бакъонаш йохорах лаьцна хаам бина оцу талламехь дакъалаьцначу 30 респондентах эханно: уьш бу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а бахархой.

"[Къиблбаседа Кавказера схьабевлла бусалбанаш] кхечарел а алсам ницкъ бар, шена юкъахь адаман сий дойъуш долу Iазап лар а долуш, ловш бу, бахьана а доцуш таIазарш до царна. Церан дин лело йолу бакъо йохор а алсам хуьлу, хала ду царна хенал хьалха набахтера арабовла а", - дагардо Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центран директоро Сокирянская Екатеринас.

Бусалба стагана дискриминаци яран масалла санна ду футболан фанат Свиридов Егор верна шена дина таIзар токхуш волчу ГIебартойн-Балкхаройчуьра схьаваьллачу Черкесов Асланца хуьлург.

2019-чу шарахь 7 баттахь сов латтийра иза Енисейск гIалахь гIуданан изоляторехь (ШИЗО), ткъа Красноярскан кхело низамца догIуш лерира иза. Оццу хенахь кхечу тутмакхе оццу ШИЗО-хь 15 де-буьйса даккхийтар "Iазап лелор" ду аьлла сацам бира оццу инстанцино.

Уггар йоккха хало ю, элира хаттаршна жоьпаш деллачу чубоьхкинчу наха шаьш цIера дIа масех эзар километр генахь хан токхуш хилар а, гергарнаш ган наггахь а бен аьтто ца хилар а. Ткъа цхьаболчара дийцира шаьш мичахь ду а ца хаара гергарчарна бохуш, билгалдаьккхира Сокирянскаяс.

Цул сов, колоне дIакхачор а дезачу хьелашкахь хуьлу цера, ткъа цига дIакхаьчна уьш тIеоьцу жIалеш тIе хоьцуш, етта а етташ.

Бусалба дино бохург лело гIертачу тутмакхашна дуьхьал бовлу набахтин администрацин белхахой, тIетуьйхира Сокирянскаяс.

Вуьшта, цхьайолчу колонешкахь делах тешачу нехан аьтто хуьлуьйту дин лело. Леррина кечйина чоьнаш хуьлу, имамашца цхьаьнакхета а, маьждиге баха а аьтто а бо. Чубоьхкинчу нахаца йинчу интервьюш гойту тутмакхийн халонаш йозуш хилар колонийн администрацех.

"Уггар луьрчу колонешкахь рецидивисташ къовламе хьелашкахь латтийнера, амма уьш сийсаз беш ца хиллера. Цуьнца цхьаьна кхечу колонешкахь юккъерчу барамера зулам динчу нехан хьал да хьоьгуш воцуш хиллера", - дуьйцу Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центран директоро.

ТIеман йилбазмохь

Тутмакхашца оцу тайпа харцонан юкъаметтигаш лелор кхето мегар ду Нохчийчохь тIемаш хиллачу заманахь дуьйна Федералан таIзарш кхочушдон сервисан системехь болх бечу нехан вочу агIор йисначу ларшца, хета Сокирянскаяна.

"И тема лелочу бакъонашларъярхоша дуьйцу, нохчашца, ткъа цаьрца цхьана кхечу бусулбанашца, йолу юкъаметтигаш вочу агIор хийцаелира хьалхара тIом болабелча, бохуш (1994-1996 шш. – Ред.).

Иза доьзна дара федералан зорбан гIирсашкахь нохчашна дуьхьал хьажийна йолу пропаганда жигара яларца а, ткъа иштта оцу тIамехь дакъалаьцна нах ФСИН системехь болх бан буьйлабаларца а. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, оцу ведомстван дукхаха долу дакъа Къилбаседа Кавказехь командировкашкахь хилла ду", - хаам бира цо.

Къилбаседа Кавказерчу республикашкарчу тутмакхашца набахташкахь вон хиларан кхин цхьа бахьана хила мега аьлла хета экспертана терроризмца а, экстремизмца а къийсам латто беза аьлла хIоттийна декхар а. Цо дийцарехь, Оьрсийчохь тIамца йоьзначу статьяшкахула чубоьхкина нах бу коьртачу декъана Къилбаседа Кавказера бахархой, цундела ФСИН системо шен тидам тIебахийтина тутмакхийн оцу категорина.

Иерархи - лахара чинаш лакхарачарна муьтӀахь хиларан къепе

Чубоьхкинчу нахана гIело ярехь кхин цхьа хIума а ду. Иза ду колонешкара иерархи (лахара чинаш лакхарачарна муьтӀахь хиларан къепе) – тутмакхаш сибаташца я касташка бекъна хилар. Территорина Iуналла деш йолчу тобане хьаьжжина къаста йо "Iаьржа" зона – Iуналлехь хуьлу "къуйша", "цIен" (администрацино), "баьццара" (бусалбанаша). Сокирянскаяс дийцарехь, "баьццаран зонаш", хьехо йолийра 2000-чу шерашкахь, амма цкъачунна билггала хууш дац уьш ю я яц.

Респонденташ дийцира шайн а дезна хилар шен иерархи йолчу къуйн дахарна юкъадаха, бохуш. Талламехь дакъалаьцначара дийцира кавказхошна "хаьара шаьш муха гайта деза". Коьртаниг дара уьш барт болуш хилар.

"Наггахь уьш цхьана лелар динан бухахь кхоьллинчу джамаIаташкахь (тобанашкахь - Ред.). Уьш яцара иерархин системана юкъахь, ткъа наггахь уьш лекхара хилара иерархешна. Мел лаххара а цхьана респонденто дийцира иза. Оьшуш меттиг беъча къуйн кхетамца юкъаметтигаш къасто дезаш а хилара уьш. Къуйн система юкъара кеп ю тайп-тайпана культурийн векалша юкъаметтигаш лелоран,"- дийцира эксперто.

Къилбаседа Кавказерчу колонешкахь, мелхо а, дин а, къам а бахьана долуш нийсонан бакъо яйар (дискриминаци) дац, къастийра бакъонашларъярхоша. Низамехь йоцу иерархи а яц я ялахь а коьрта яц. Къилбаседа Кавказехь зулам даран таллам дIахьуш лецначарна тIехь Iазап латтадахь а, колонешкахь церан ларам бо, кхечу регионашкахь бечул а алсам.

"Иза эксперташа дузу регионашкахь колонешкахь болх беш болу нах меттигера бахархой хиларца. Ницкъ бина меттиг нислахь, кхерам бу чубоьхкинчера гергарчара иза дуьтур цахиларан. Цундела шайна таIзар хир дуй хаьа царна", - дийцира Сокирянскаяс.

Божарий а, зударий а

Тамашийна дерг ду докладан авторша хаттарш дина зударий набахтех сиха булуш хилар, божарел а. Чубоьхкина болу Кавказера зударий бовлу шайн доьзалех а, берех а, социалан уьйрех а, бахамех а. Масала, Мадина цIе йолу тутмакх (респондентийн цIерш докладехь хийцина ю) "кхераелла яра, бераш шаьш дисна" аьлла а, "ша динарг бахьана долуш беза-бевзачерах эхь хетарна" а. 

"Иза ду вуно хала садеттар, жоьжахате, вуно хала дара суна цунах йола". Сайна чуйоьлла Iара со. ХIора дийнахь цу чохь даьккхина де чаккхе йоцу абаде санна хетар суна", – даладо цо аьларг Сокирянскаяс.

Божаршна уггар хала хилларг дара керлачу дахаран хьолах болар, стаг ша виса меттиг цахилар, мостагIаллин набахтан го лан дезар. Массарел а хала оцу хьолах болара шаьш харцонца, леррина чуволла кечдийнчу гIуллакхехула набахте хьажийна аьлла хетарш.

"Сайн са даара ас уггар чIогIа хIора денна неI схьайоьллуш, кхача чубохьуш – со бехказваккхаран хаам кхачаре сатийсара ас. Цуьнца сайн садиира ас. Деъа шарахь ах шарахь, ала мегар долуш, дахделира иза. Оцо хьера ваккханза витира со", - даладо Сокирянскаяс кхечу репондентан дешнаш.

Тутмакхийн дахар аттачу даккха аьтто лахар

Чубоьхкинчу нехан бакъонаш ларъяйта а, уьш йохийнарш жоьпе озабайта а вуно хала ду. Цундела дуккха а меттигаш хуьлу цара мацалла кхайкхош а, бунташ ойъуш а, шаьш шайна тIе куьг хьуш а.

Масала, кхушара Охан-баттахь Смоленскан кIоштарчу колонехь хан токхуш волчу Дагестанера схьаваьллачу кхаа стага, ур-аттал хи а ца молуш, екъа мацалла лецира, шаьш оцу колонин белхахоша саццаза хьийзош хиларна. Амма цул тIехь царна дуьхьал яьхна репрессеш кхин а чIагIйира, хаам бира оцу тутмакхех цхьаннан дас.

Сокирянскаяна хетарехь, уггар пайдена хилларг ду респонденташна колонехь, цара цхьацца говзалла караерзийна хилар. Царах дукхаха болчара пайда ийцира керла цхьаъ Iамо хиллачу аьттонах. ЦIабирзича дахар дIанисдан гIо дира оцу гIуллакхо хан текхначу нахана.

Чубоьхкина хилла нах юкъаралле юхаберзорехь долчу дуьненаюкъарчу зеделлачух лаьцна дийцира Кавказ.Реалиига докладан кхечу авторо, Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центран талламчо Гуревич Викторияс.

Иштта, Туркойчохь кхеташонаш кхоьллина юьртабахамехь къахьега накъосталла дан. Хиллачу тутмакхашна кретидаш ло латта эца а, жима бизнес кхолла оьшу гIирс эца а. Сингапурехь зударий-хьехамчаш кечбеш бу хан текхначу нехан хIусамнаношна гIортор ян.

Цхьайолчу пачхьалкхашкахь, масала СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь, чубоьхкина хиллачу нахана ханна хIусам ло, могIарерчу дахаре юхаберза царна гIо деш. 12 кIира даккха дезаш хуьлу оцу наха оцу цкъачунна еллачу хIусамехь. Оцу юкъана цхьацца программашкахь дакалоцу цара, шайна юкъахь истори а, политика а, кхин дерг а Iамор а долуш, спортан мероприятешкахь дакъа а лоцу цара.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Движение автотранспорта временно перекроют в районе Якиманка

СК выяснил, что все отравившиеся в Москве ели продукцию одной компании

Спортивные «Умные каникулы» — новый формат отдыха школьников в Ногинске

Еще двое школьников из Подмосковья получили по 300 баллов на ЕГЭ

Музыкальные новости

РБК: в Москве из-за случаев ботулизма приостановили продажу некоторых продуктов

Те самые русские с флагами на матче-открытия Евро — мы их нашли! Как попали на стадион и как реагируют вокруг?

В рейтинге развития Тамбовская область за 2023 год опустилась на три места

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

Новости России

Франция вынуждена сократить свой военный контингент в Африке

Спортивные «Умные каникулы» — новый формат отдыха школьников в Ногинске

В I чтении принят проект о праве полиции принимать решение о выдворении иностранцев

Более 140 каширских школьников приняли участие в фестивале «Летом с ГТО!»

Экология в России и мире

Gucci, коллекция menswear весна-лето 2025

СЛД «Красноярск» компании «ЛокоТех-Сервис» получило право ремонтировать грузовой электровоз «Ермак» в объеме ТР-2

Россиянам предложили премиальные туры сразу в 2 страны: рейсы начнутся из 8 российских городов

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Moscow.media

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

Ученые обнаружили перспективное лекарство для лечения гипертонии

Зубы дракона







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *