Нохчийчуьрчу Iедалхоша кхерамаш тийсина шена, аьлла гIалгIайн адвоката
"Со гладиатор вац шуьца латарш хIиттон, йа маьIне а ца хета суна шун сийсазчу къамелашна жоьпаш далар, - яздина Бековс. - "РагI суна тIе кхаьчна, амма соьга чIир ца хьейо, соьга схьахьедина, цхьаннан а цIераш шаьш йохуьйтур яц аьлла Нохчийчуьрчу Iедалан векалша, ма-дарра аьлча, Даудов Мохьмада. Схьахьедина шен кураллин кепехь, иштта кийча ву иза, со вовшахваккха а".
Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедира гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада кху беттан 4-чохь. Шен инстаграм-агIонехь дира цо цунах лаьцна дIахьедар.
Политика бахарехь, чIир хьеяран бахьана ду ши де хьалха цо видеохула бина кхайкхам. Цу тIехь Хазбиев вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалле, емал бина, цунна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздийраш. Цул тIаьхьа Хазбиевн ватсапе хаам кхаьчна, хьуна чIир йогIу, тIейогIучу заманчохь хьо кхерамзаллехь ву алий ма хеталахь аьлла.