Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кавказерчу вежаршна тIе тесна тIай. Дудаевн а, Масхадовн а книгаш арахецна Украинехь

Кавказерчу вежаршна тIе тесна тIай. Дудаевн а, Масхадовн а книгаш арахецна Украинехь

2020-чу шарахь Киеверчу "Zалізний тато" зорбан цIийно ши книга арахийцира украинахойн маттахь. И шиъ лерина яра йозуш йоцуш хиллачу нохчийн пачхьалкхан Ичкерин хьалханчашна Дудаев Джохарна а, Масхадов Асланна а. Иза хилла Украинин малхбалехь 2014-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца дIахьуш тIеман конфликт а йолуш.

Орсийчоьнан Iедалша Дудаев а, Масахадов а террорхой лоруш бу. Ши а вийна, Кремло омра а делла: Дудаев -1996-чу шарахь, Масхадов – 2005-хь. Амма массо а бац кху дуьнентIехь Кремлана хетарг къобалдеш. Иштта, кху деношкахь Европарламентан депутатов Раса Юкнявиченес дIахьедира,   маьршачу Нохчийн республикан хьалхарчу президентан цIе шен ойланашкахь йозуш ю "маршо" дашца аьлла, Оьрсийчоьнан Литвара векалалла эргIад а йохуьйтуш.

Zалізний тато" зорбан цIийнан нохчийн темина тIе тидам бахаран бахьанаш дийцира иза кхоьллинчу жигархочо, философо, Донбассехь тIом бинчу Савченко Дмитрос. Цо дийцира ша арахоьцу книгаш йоьшучу аудиторин башхаллех а, меттигера Iедалхой кавказхошка шеконца хьежарх а, ткъа иштта, советан кхетамах хьалхаяла гIертачу, Украинин "къоман кхиарах" а лаьцна а.

- Мичара кхоллаелира Дудаев Джохаран книгашна зорба тоха дезара аьлла идей, хIун дара хоьга иза дайтинарг?

– Иза дукха хенахь дуьйна дагалаьцнарг дара. Хала хеташ делахь а, Украинехь кIезиг хаьа оцу гIараваьллачу къонахах лаьцнарг. Оха, зорбан цIийно санна, сацам бира тхайга далург дерриг а дан нохчашца йоьзна йолу стереотипаш дIаяха. Уьш украинахойн кхетамехь кхоьллинарг ю советан пропаганда.

Москвара коча йоьллина йолу славянийн бартах лаьцна миф йохо езаш ю, ткъа украинахоша гIорторан куьг кховдо деза нохчашка а, Оьрсийчоьнан империализмаца къийсам латточу кхечу къаьмнашка а.

И книгаш дакъа ду тхан "информацин джихадан". Украинин националисташна юкъахь нах бу, даима а дог лозуш хилла болу нохчаша дIахьучу къийсамах, бу царалахь кхин ойла ерш а. Оха тхайна хьалха Iалашо хIоттийна националистийн оцу къоман къийсамах дог лозуш хила ойланаш кхион.

Оха арахецначу книгийн бухахь ю Дудаев Джохара а, Масхадов Аслана а язйина тексташ. Бухе дехкина оха Дудаевс дина, хьалха а интернетан машанехь зорбане девлла долу къамелаш. Оцу интервьюшна редактура а йина, украинахойн матте а яьхна, вовшахтуьйхира оха цхьана мужултана юкъахь. Иштта араелира Дудаев Джохаран "Маршонан къонах" (Рыцарь Свободы) книга. Цунна тIехь суьрташ ду, хьалха зорбане девлла доцу. Книгана тIехь болх беш гIо дира тхуна инарлан хIусамнана хиллачу Дудаева Алла Фёдоровнас.

ШолгIа книга ю Масхадов Асланан "Сий лакхара ду дахарал а" (Честь дороже жизни). Цу тIехь текстийн цхьа дакъа ду шех Аслан Алиевичах лаьцна. Коьрта дакъа – программа ю, 1997-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалоцуш цо юьхьарлаьцна хилла йолу. Оха украинахойн матте яьккхира иза, ткъа Масхадов Анзора (Масхадов Асланан кIант. – Ред.) дешхьалхе язйира цунна.

Оцу книго карарчу хенахь мехала хуьлуьйту Оьрсийчоьно нохчийн халкъана дуьхьала дина зуламех лаьцна йолу, тахана украинахоша хьалха санна генара хьожуш тIе оьцуш йоцу тема. Тахана и тема чекхйолуш ю Москвано Украинина дуьхьал тIахьарчу ялх шарахь дIахьучу тIеман призмехула.

– Шун ламастан дешархой коьртачу декъана аьттухьара, консерваторийн, националистийн идеологин нах бу. Ичкерин дуьхьалонан боламан лидерех лаьцна книгаш царна хьажийна ю я, хьа хӀуъа дийцахь а, шун Iалашо йолу аудитори шуьйра ю?

– Сан чIагIдан йиш ю, хIара книгаш арахецарца, тхо тхайн ламастан аудиторин гурашкара арадевлла хилар. Уьш йоьшурш бу центристаш а, либералаш а. Вуно тайп-тайпана наха оьцу уьш. Делахь а, кхеташ ма хиллара, коьрта уьш ешархой бу аьттухьара кхетам болу нах.

– Зорбан проекташ кхочушъярехь мехала ю жигархочуьнан а, зорбанан цIийнан долахочуьнан йолу позици. Муха хета хьуна, Украина тахана хуьлийла дуй кавказхойн, уггар хьалха Оьрсийчоьнан экспанцина дуьхьало ечу Къилбаседа Кавказерчу кавказхойн бертахо? Украина а ма ю тайп-тайпана: советан пачхьалкхе сатуьйсурш а бу, Оьрсийчоьнехьа ойланаш лаьттарш а бу вайн, исламофобаш а бу.

– Украина кIадъелла шена хьалхабевлла лелаш Оьрсийчоьнехьа болу ницкъаш хиларх. Къоман кхиаран муьрах чекхйолуш ю Украина. Билламечу советан оптикех чекхдовлуш ду адамаш.

Тхан зорбанан цIийно дерриг а до аьлла хета суна, шира а, советан пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнехьа йолу а ойланаш юхаерзар юкъахдаккхархьамма. Оха юьхьарлаьцнарг ду билггал стаг схьаэцна оцу стагехула украинахойн маттана юкъахь болу мотт (дискурс) бийцар. Царах ву Билый Сашко (Музычко Александр) а, Челнов Олег а – нохчийн хьалхарчу тIамехь дакъалацарна "Къоман турпалхо" аьлла цIе тиллина волу ши украинахо, Лупинис Анатолий – Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш масийттаза Соьлжа-ГIалахь хилла волу, диссидентийн боламан ветеран, Джемилев Мустафа (ГIирман-гIезалойн къоман боламан лидерех цхьаъ. – Ред.).

Уьш къаьсташ бу советан хенахь дуьйна прокурорийн а, суьдхойн а кабинеташкахь хевшина Iачу нахах, ткъа уьш болуш ма бу. Цундела юхайолаеллачу Украина бартхо хила а мега кавказхойн къаьмнийн.

Украинехь националистийн боламана юьстах лаьтташ хилла нах, кхузахь 2014-чу шарахь дуьйна хуьлучунна юкъахь дакъалоцуш болу, хIинца кхеташ бу вайн бартхо - Оьрсийчоь а йоцуш , вайн вежарий а, партнераш а - Кавказера халкъаш хиларх.

Вай цхьана [тIеман]саьмгаршна чохь ду, вайн декъа хIумма а дац. Балтийн хIорда тIера Iаьржачу хIорда тIекхаччалц йолчу территорина тIехь дехаш долу къаьмнаш, къилбаседехь болу литовхой а, къилбера туркой а цхьаьнатухург ду консервативан мехаллаш ларъяр. Дин тайп-тайпа хиларо новкъарло йойла дац вай вовашна гӀо дарна.

– Нохчашна юкъахь дуккха а тобанаш ю Нохчийчоьнан кхане тайп-тайпана гуш. Украинина оьший-те нохчийн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта?

– Вай юкъагIерта аьлла ца хета суна. Цкъачунна цхьа а стаг ца гина суна, Дудаев Джохар харцхьа турпалхо ву аьлла хеташ. Иштта хетачу нахаца цхьаьна информацин тег1анашна тIехь ца хила а мега тхо. Цкъачунна вочу агIор реакци гина яц суна, цкъачунна меттигера нохчий баркаллаш бохуш бу и книгаш арахецарна. Ас къамелаш динчу наха массара а билгалдаккхара, вайн халкъашна юкъахь дика юкъаметтигаш чIагIъяр иза хилар.

– Оьрсийчоьнах дозуш доцуш хила гIерташ къаийсам дIахьуш хиларал сов кхин хIун ду цу шина халкъан юкъара долуш?

– Вайна а, нохчашна а партал гIотор йира малхбузерчу пачхьалкхаша. "ГIайгIане" хиларх лаьцна даима а дечу дIахьедарша гайтира, Малхбузе еххачу хенахь кийча хилла цахилар Украинина гIортор ян а, иза ларъян а. Ткъа нохчий хилира информацин а, финансийн а, гуманитаран а изоляцехь. Украинина мелла а гIо деш а ду, санкцеш ю ледаро ялахь а кхайкхийна, ткъа нохчий – Оьрсийчоьнна дуьхьалдала доьналла хилла кIеззиг долу къонаха къам – хьул а ца деш хIаллакдайтира. Иза нийса дац.

Сатесна ву, хенан йохалла цигахь (Малхбузехь)кхетар хиларх: Оьрсийчоьнан агресси мацца хилахь а иза, диманна а сацо езар ю. Ткъа украинахоша а, нохчаша а, кхин а гуьржаша а хIинцале а йохуш ю, жима ялахь а, баккъалла а йолу гIулчаш, и "геополитикан гопник (14-20 шо долу, дешаран тIегIа лахара долу, вуно лахара культураш хьашташ долу кегийрхо. -Реад.) сацо.

– 2014-гIа шо тIекхачале нохчийн къисамах лаьцна украинахой кхетам бара Оьрсийчуьрчу телевизоро дуьйцуш ма хиллара бохучуьнца реза ву хьо?

– Цхьана декъана иштта ду иза. Амма... Ичкерин президентан Масхадов Асланан инаугурацехь дакъалоцуш яра Украинин парламентан делегаци, цигахь бара бевзаш болу политикаш. Дагабоуьйтур ас Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршца тIом бина УНА-УНСО "Викинг" тобанан тIемалой.

Ша лаьтташ ю Одессехь баха нохчашна дика хьелаш кхоьллина волчу оцу гIалин хиллачу мэран Гурвиц Эдуардан истори. Иза ца везаш нах хила а мега, амма иза факт ю. Вевзаш волчу нохчийн барда Алимсултанов Имама лелийнарг нисса дIа доьзна ду Одессица. Оццу хенахьОьрсийчоьнехьа ойланаш йолу украинахой талхийна бу вайн халкъашна дуьхьал Оьрсийчоьно дIахьучу информацин тIамо. Бух а болуш церан нохчашна реза цахилар ду аьлла ца хета суна, иза Оьрсийчоьнан информацин тIеман стом бу.

– Украинехьа тIом беш бу Кавказера схьабевлла нах, шайна юкъахь нохчий а, гIалгIай а болуш. Цхьаберш баьхкина аьхна йолчу Европера, цара шайн синош а, могашалла а дIалуш ю. И гIо мехала хилар кхетадар а, оцу нехан майраллана а, шайн дахар дIадала уьш кийча хиларна а хьакъ долу мах хадор дуй Украинехь?

– И кхетам украинахойн бу аьлла хета суна. Нохчийн халкъан турпалхойн цIераш маса гIалано тиллина хьажча а тоьар ду иза иштта хилар ган. Иза мехала гайтам бу. Гуш ду вайна малхбузера европахойн тIеман тобанаш кхузахь цахилар. Цигахь кхета Малхбузехь коммерцица доьзна гIуллакхаш лелочу Оьрсийчоьнан позицех. Цуьнца цхьана Украинехьа тIом беш яра нохчийн ши тоба.

– Украина Оьрсийчоьнан агрессех ларйеш хиллачу тIемалошна гражданство лур ю аьлла шаьш делла дошг Киево хIинца а кхочуш дина ца хилар муха кхетадо ахь? Дуьйцург билггал нохчах а, Кавказерчу кхечу къаьмнех а хьакхалуш дерг ду.

– Ас кхетадо до иза Iедалхой кавказхошкахьа вочу агIор хьожуш хиларца а, Украинин официалан структурашкахь Оьрсийчоьнан Iаткъаман агенташ дукха хиларца а. Мел дIаса хьийзийча а, вайн пачхьалкхан аппаратехь дукха нах бу Оьрсийчоьнехьа озабезам беш, цунна луург тIедаккха тийна саботаж ю цара дIахьуш.

– Зорбан проект кхиаме хиларан мехала бустам бу коммерцин агIор болу чулацам. ХIун эр дара ахь оцу шина книгах лаьцна?

– Суна хетарехь, украинахойн аудиторина юкъахь йоккха потенциал йолуш ю Ичкерин тема, Кавказан дуьхьалонан боламан тема царна йовза лууш хиларна. Дика йохкалуш ю книгаш къоман юкъарчу электронан платформашкахь. Барт бина оха книгаш юхкучу шуьйра маша болчу туьканца, Украинерчу яккхийчу гIаланашкарчу церан туьканийн гIопастанашна тIехь охьайиллина  хир ю аьлла Дудаев Джохаран книга.

Цунах ас жамI до оха арахецна книгаш тIеэцна хиларх лаьцна могIарерчу ешархоша хьовха, книгийн туьканийн менеджерша а. Иза коммерцин кхиам хиларан гайтам бу.

Дудаевн а, Масхадовн а книгаш арахеца ас тхайн зорбан цIийнан ахча ца доьхкира, ас дайинарг дара айса сайн куьйгашца Европехь даьккхина ахча. Дохко а ца ваьлла со иза дарна. Цундела кхузахь юьйцург ю вайн кавказхойн вежаршна тIе тIай тилларан мисси. Уьш коммерцин агIор пайда ца бохьу книгаш яц. Кхин а тиражаш арахоьцур ю оха, книгийн машанашца бина масийтта барт бу тхан.

***

Оьрсийчохь, дашна ала, Iедалехьа йоцучу тематикан книгашна зорба тохар кхераме долу гIуллакх хуьлуш ду. Кху деношкахь Москвахь лаьцна исламан литература арахоьцучу "Умма" зорбан цIийнан куьйгалхо, Нохчийчохь вина волу Эжаев Асланбек. Талламхоша бехке веш ву иза, терроризмана ахча латторна. Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" терроран тобанна ахча лахьош хилла, боху иза. Бакъ долу бахьана кхитн ду, Эжаевн адвокато дийцарех. Цхьаьнаметта дуккха а книгаш эцначу наха царах схьаделла ахча ду дуьйцург.

Хьалхо Оьрсийчохь экстремизман чулацам болуш лерира "Умма" типографехь оьрсийн маттахь арахецна КъурIан тидаран цхьа том. Вуьшта, махкал арахьа адамаш саготта ду Оьрсийчохь бехачу бусалбанийн хьал бахьана долуш. Иштта Охан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа и пачхьалкх "Iаьржачу тептарна" юкъатуьйхира делах теша нах хьийзорна, шайна юкъахь уггар экаме берш ислам динехь берш а болуш.

Ткъа Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро бинчу хаамца, Къилбаседа Кавказера бусалбанаш бу уггаа боккха бала хьоьгуш Оьрсийчуьрчу колонешкахь.

Даймахкахь лаьтташ иштта хьал а долуш, дуккха а кавказхой бу Украинехь тховкIело лоьхуш. Амма, Кавказ.Реалиино яздина ма хиллара, оцу пачхьалкхан миграцин сервисо оцу регионера схьабевллачу нахаца лелош йолу политика кхераме чулацам болуш ю.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Источник 360.ru: голый мужчина в наркотическом опьянении бегал по Москве с ножом

В Казани и Нижнем Новгороде госпитализировали по 14 человек с признаками ботулизма

США уволили "трех полицейских" и проморгали порт в Перу или как теряется гегемония на конкретном примере

Ставропольчанки победили на всероссийских соревнованиях по чир-спорту

Музыкальные новости

В рейтинге развития Тамбовская область за 2023 год опустилась на три места

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

В аэропорту Пулково задержали шесть рейсов и отменили еще один

Новости России

СМИ: Австрия и ФРГ выступили против ограничений на передвижение российских дипломатов в Европе

Появилось видео с места массовой аварии на Косинском шоссе в Москве

Обнаженный мужчина устроил заплыв по Москве-реке и был задержан полицией

Ставропольчанки победили на всероссийских соревнованиях по чир-спорту

Экология в России и мире

Магазин "Стильпарк" в новой концепции открылся в Москве

Зубные щетки Revyline Perfect DUO и зубная паста Organic Detox против кариеса в Назрани

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Спорт в России и мире

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Moscow.media

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *