Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах кхелхина 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 268
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 268.
Iедалера йолчу информацица, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар шайца билгалъяьллачех 12 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, Къилбаседа ХIирийчохь, ГIалмакхойчохь, Нохчийчохь – цхьацца. Верриг керлачу уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, офиуиало бахарехь, 9 650 пациент.
Уггаре дукха нах белла коронавирусах тIаьххьарчу 24 сахьта чохь Краснодар-махкахь, массарел кIезиг ду уьнах баларш Адыгейхь а, Нохчийчохь а.
Краснодар-мохк + 94 (46 928 пандемин ерриг а хенахь)
Ставропол-мохк + 52 (53833)
Дагестан + 37 (32 999)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 19 (24 074)
ГIалмакхойчоь + 13 (20 248)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 248)
ГIалгIайчоь + 12 (15 599)
Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (16 871)
Нохчийчоь + 9 (12 140)
Адыгей + 9 (14 548)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь уьно лаьцна лорурш бу 257 855. Ерриг Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнналц COVID-19 цамгар кхеттарг ву 931 691 стаг. *
*Оьрсийчоьно шен статистике берзийна аннекси йинчу ГIирмера бахархой а.