"ГIалгIайн гIуллакхехула" эшам хиллачара тоьшаллаш до бехкебечаьргахьа
"Царах цхьанна а цхьа а хIума ца хаьа ГIалгIайчохь [кхеле озийначара] кхоьллинчу экстремизман юкъараллах лаьцна. Гарехь, царна кхел йоьдуш хиънера шаьш эшам хилларш дуй. Царна шаьш ишттаниш хилар ца хета", - аьлла адвоката Куриев Джабраила "Кавказский узел" корреспонденте.
Росгвардин белхахоша дийцарехь, цара цхьана а кепара латкъам беш документаш ца яздина, уьш ца хилла лецна латточу наха низамаш дохош цхьаъ даран тешаш. Верриг а кхелехь 67 тешах левина 39. Цара массара а изза ала мегар долуш дийцина, адвокатийн аьтто беш, жигархоша цхьанна а ницкъ ца бира бохуш.
Берриг а тешаш лебинчул тIаьхьа кхело тIекхойкхур бу кхеле озийначеран суьдехь гӀо лоцу тешаш. Адвокато Куриевс дийцарехь, царна юкъахь бу Iедалхой а, ницкъаллин структурийн белхахой а.
2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
ВорхI стаг ву кхеле озийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.