Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Госдумо ца магийна шен могIаршка Навальныйн агIочаш харжа

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо хьалхарчу дешарехь низаман проект тIеэцна, парламентан харжамашкахь бакъо ца луш долу дакъалаца Оьрсийчохь экстремизман ю аьлла цIетоьхначу вовшахтохараллийн декъашхошна я царна гIотор еш болчу нахана, хаам бо Радио Свободано. Документ гучудаьлла Думан сайта тIехь.


Низаман проект ю юханехьа лелан ницкъ болуш. Цуьнан текстца а догIуш, и низам хьакхалуш хир ду дехкар юкъадаккхале кхо шо хьалха дуьйна вовшахтохараллийн агIончех.


Эшахь цо бакъо ло парламенте ца харжийта Навальный Алексейн Коррупцица къийсам латторан Фондан хилла бехахой а, церан агIончаш а, нагахь Фонд кхело экстремизман вовшахтохаралла ларахь (цу хьокъехь гIуллакх къастош ду кхелехь).




Навальныйн накъоста Волков Леонида шен хетарг аьлла, низаман проект леррина кечйина ю аьлла, оппозиционеран тобанна а, цунна гIортор ечу нахана а дуьхьал. Цо мах хадорехь, и дехкар хьакхадала мега оппозиционеран фондашна ахча деллачу 200 эзар сов стагах.


ДIаяхнчу хенахь хиллачух а иза хьакхалуш хиларна, низаман проектана критика йина парламентан оппозицино – цунна дуьхьалбевлла "Справедливая Россия" а, ЛДПР а паритийн векалш.


Федерацин Кхеташонан конституцехула низамаш дахаран комитетан куьйгалхочо, "Единая Россия" партин  дакъашхочо Клишас Андрейс дIахьедина, документ тIехь дикка болх бан дезаш ду аьлла.



Коррупцица къийсам латторан Фонд, кхийолу дуккха а гражданийн юкъараллица болх беш ерш санна, юкъатоьхна ю, арахьарчу агентийн олучу тептарна. Оьрсийчуьрчу низамаша декхарелахь бо зорбан гIирсаш цунах лаьцна шайн материалашкахь дагадаийтар.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *