Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Москва-Сити" комплексехь герзаш диттинчу дагестанхошна кхел йина Москвахь

Латархойн "Скорпион" спортклубан декъашхой хиллачу Исмаилов Мохьмадна а, Хамидов Эльдарна а кхел йина Москвахь. Пресненскан кIоштан кхело бина и хаам. 2017-чу шарахь "Москва-Сити" куьпахь герзаш кхийсарна бехкелеринчу Исмаиловна 16 шо тоьхна набахтехь даккха, ткъа Хамидовна - 15 шо. Юьхьанца дуьйна прокуроро 19,5 шераш дехнера цу шинна.


Талламан версица, "Москва-Сити" комплексан дайх цхьаъ Юшваев Гавриил ларвеш болх бен Исмаилов, дагестанхойн тобан коьрте а ваьлла, летта Росгвардин белхахойх.


Харцхьа лелаш, леташ Исмаиловс герз юкъадаккхар, шиъ а, цул сов а адам ден гIортарна, герз лачкъорна, низам а дохош, иза лелорна бехке во иза. Хамидовна а къастийна изза бехк, амма цуьнгахь хилла дац герз, билгалдаьккхина кхелахоша.


Прокуратурин версица, Хамидов Эльдар "жигара хьийзина латар марсадоккхуш", цул тIаьхьа герзаш кхийсина гIишлош чохь а, арахь а. Адвокаташа бакъ ца до иза.


Бизнесменан Павлов Дмитрийн 50 шо кхачар даздечу барамехь дов иккхира, герзаш а детташ. ЙоьалгIачу гIатта тIехь лаьттачу ресторане веана вара 250 хьаша, хила езаш яра Оьрсийчуьрчу артистийн а, Cirque du Soleil тобан а концерт.


Чиллан-баттахь кхаа баттанна лецира Оьрсийчоьнан кикбоксинган чемпион Асадулаев СаIид, герзаш кхуьйсучохь дакъалацарна бехкево иза а.


20I9-чу шарахь талламча Агаджанян Левон а, цуьнан ялх белхан накъост а дIавелира Талламан комитетерчу даржашкара. РБК-но иза дуьйзира цара довъэккхарна Росгвардин векал бехкеварца, хIинца кхеле ийзийнарш бац конфликт яьккхинарш чIагIдарца.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *