Newsru.com сайто дIакхайкхийна, шаьш болх сацош хиларх лаьцна
Ресурсо болх сацор "экономикан бахьанашца ду, амма уьш пачхьалкхерчу политикан ситуацино хIиттийна ду" аьлла, яздина бинчу хааман авторша.
"2014-гIа шо дирзинчул тIаьхьа дуьйна къаьсташ дара, коьртера дуьйна географи хийцаелла ца Iаш, арахьара политика а, чуьра экономика а цхьана хийцалуш хилар", - аьлла, яздина хаамийн гIирсан дIахьедарехь.
Журналисташа билгалдаккхарца, зорбанан сурт "пачхьалкхан ресурсашна дезачуьнца къаьсташ дара", 2014-чу шарахь порталца болх беш хилла яккхий рекламаш йойту нах цхьана болх бечуьра а совцуш. Ткъа 2021-чу шарахь "кхоьрура" цаьрца юкъарлонаш лело кхинберш а.
"Кест-кеста яздан дезара оха дозанаш деттарх юкъадохучу низамех лаьцна, ткъа тарлора уьш муьлххачу дийнахь а тхох хьакхадала. Дуккха а лараме нах а, бакъ йолу информаци кхачош йолу хьостанаш а арахьара агенташ а, экстремисташ а санна билгалбаха декхаре хуьлура тхо",- аьлла ду хаамехь.
НТВ-н хаамийн интернет-портал санна 2020-чу шарахь схьайиллинера сайт ntv.ru. аьллачу адресца. Цуьнан болх болош дакъалоцуш вара медиаменеджер Носик Антон."Газпром-Медиан" дакъа телеканал хиллачул тIаьхьа хаамийн сайт Гусинский Владимиран куьйгакIел йисира, newsru.com. аьлла, цIе а хуьйцуш.