Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчу воьду Израилан журналист юхаверзийна Москвара

Шоьтан суьйранна Москварчу Шереметьево аэропортехь Оьрсийчу ца витина Израилан вахархо, юкъараллан-политикан газетан журналист. И хаам бина Кавказ.Реалии портало.


Москвахь кема а хуьйцуш, Берлинера Соьлжа-ГIала воьдуш хилла иза, амма масех сахьтехь хеттарш динчул тIаьхьа Германи юха хьажийна. Коронавирусца доьзна документаш цуьнгахь цахилар лерина инцидентан бахьана. Амма, журналисто дийцарехь, карарчу хенахь иза могуш хиларх а, йина вакцинаци ярх а тоьшаллаш хилла цуьнгахь. Хиллачух дийцина Кавказ.Реалии порталан корреспонденте Левиев Боруха, Израилан юкъараллан "Иерусалиман куьйг" ("Рука Иерусалима") организацин куьйгалхочо.


Хьалхе дуьйна хууш хилла Нохчийчохь израилхо шайн махка вогIуш вуйла.


"Нохчийн администрацига а дIахаийтира оха, "ван луург волий, хьажа республикехь долчуьнга, Нохчийчохь террорхой бац" аьлла, Кадыровс дIахьединчул тIаьхьа кехат а дахьийтинера. Шина къоман доттагIалин дуьхьа республике тхайн пачхьалкхера репортераш бахийта Iалашо хиллера тхан. Тхуна реза а хилира, гIо дан тIе а лецира. Амма журналистан аэропортехь проблемаш хилча, цхьахволчу дозанчохо къадийнера, къайлахчу сервисаша омра дина, иза чу ма вита аьлла. Нохчийн агIора гIоьналла а ца дира тхуна. Со тешна ву, Кадыровс телефон тоьхча дIанислур долуш хIума дара иза. Дегайовхо ю тхан, прессан векалан Соьлжа-гIала кхача аьттто бийр бу аьлла", - дIахьедина Левиевс.


Кавказ.Реалии редакцига кхаьчначу Нохчийчоьнан зорбанан министраллан кехата тIехь билгадаьккхина ду, Израилера журналист Нохчийчу вогIуш хиларх кехат Кадыров Рамзана дешна хиларх а, хьешана накъосталла дан сацам тIеэцарх а.


"Министралло баркалла олу хьуна, хьан кхуза ван лаам хиларна а, вайн къаьмнийн юкъаметтигаш кхиорехь, чIагIъярехь бечу балхана а. Нохчийчоьнан Республикано схьайоьллу шайн неIарш дуккхаъчу туристашна а, дуьненаюкъарчу официалан делегацешна а. Информацин гIоьналла хьуна дан шаьш кийча хиларх дIахоуьйту хьоьга министралло", - аьлла, яздина ду министро Дудаев Ахьмада куьйгъяздинчу кехата тIехь.


Кавказ.Реаллин корреспондентна а тIечIагIдина урхалло, Израилан журналист вогIуш вуйла шайна хууш дара, амма юкъахбаьлла цуьнан некъ коронавирусна тIехула тоьхна дозанаш бахьана долуш аьлла.


Шен цIе яккха ца лиина журналист, хиллачо эргIад вахийтина. Цо бахарехь, Шереметьевохь хеттарш дира цуьнга, ткъа Берлине юхавеанчул тIаьхьа юха а левира иза, хIунда аьлча, масех сахьтехь Оьрсийчохь а Iийна юхавеанчу цунах шеконаш кхоллаеллера.


"Нохчийчоьнан куьйгалхошка цхьа могIа дан хеттарш дара сан регионерчу юъараллан а, политикан а хьолах лаьцна. Нохчийн министршца а, Соьлжа-ГIалин мэрца а, муфтийца а цхьанакхетарш вовшахтухуш гIо дийр ду а аьллера", - дийцина израилхочо. Политикан буха тIехь дара ша лаьцна латтор аьлла, хеташ ву журналист.


Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Шереметьевохь шина дийнахь-бусий латтийра депортаци йина Нохчийчуьра мухIажар Исмаилов Мансур. Ур-атталла, адвокаташ а ца буьтура цунна тIе.


Минеральные Воды гIаларчу аэропортехь 2019-чу шарахь лецира гIалгIайн жигархо Кациев Хьасан. Дарба дан воьдуш хилла иза кеман тIера охьаваьккхира, Зазадокху-беттан 26-27-чу деношкахь Магасехь хIоттийначу митингехь дакъалаьцна ву аьлла.


Израилан кхерамазаллин кхеташоно юкъатоьхна Нохчийчоь шайн махкахошна терроран кхерам болчу меттигашна аьлла, хаам бира Радио Свободано Зазадокху-беттан 31-чохь. ХIора шарахь карладоккху арахецначу карти тIехь Нохчийн республика гайтина ю "вуно лакхара баккъалла а кхераме" йолу регион санна.


Иштта хаам беш бу Израилан террорна дуьхьал йолчу бюроно махкахошна хьехар дина хиларх лаьцна, оцу регионе а, ткъа иштта Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а шина а агIор дозанца йолчу меттигашка а баха оьшуш дац аьлла.


Цу хаамна дуьхала Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Израилан кхерамазаллин Кхеташоно терроран кхераме йолчу меттигийн тептар хIоттадо "цхьамма зурма лакхарна" аьлла. Цо кхайкхам бира Израилан Iедалшка, кхеро ца оьшу шайн махкахой «боцуш болу нохчийн террорхощца» аьлла. "ТIемалой оха байъина. Шу тIаьхьадисна!", - яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь.


Цо чIагIдарехь, Израилан махкахой жигара Нохчийчу оьхуш бу садаIа, ткъа иштта бизнес лелош а бу регионехь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *