Белхороев Якъубан гIуллакх таллар чекхдаьккхина. Бехкаш тIехь дисна цунна
Регионерчу социалан страхованин Фондан урхалла цо дечу заманчохь, цуьнан гергарчара а, бевза-безачара а заьIап ду бохуш, харц кехаташ а хIиттийна, пенсеш оьцуш хилла. Талламчашна хетарехь, оцу некъашца даьхна ахчанаш Белхороевна юха луш хилла, ишта финансийн цхьа дакъа батIалхьажойн кассе кхочуш а хилла.
Iедалхой хьаьвсира ГIалгIайчуьрчу СурхохитIерчу Белхороевн цIийнах а, цуьнан а, цуьнан гергарчийн а Москварчу петарех а, цIенойх а.
Белхороев Якъуб лецира стохка Товбеца-беттан 10-хь, ша куьйгалла дечу регионерчу социалан страхованин Фондера 17 миллион сом лачкъийна аьлла. Цул тIаьхьа цуьнгара дIаяьккхира Халкъан гуламан депутатан мандат, "Единая Россия" партера дIа а воккхуш.
БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. Уьш бу 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин мурдаш.