Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Соьлжа-ГIалахь Iазапе атмосфера ю" аларна бехк цабиллар деха аьлла кхайкхам бина Дзюбе

Терек" (хIинца "Ахмат") футболан тобан тренер хиллачу Грозный Вячеслава реакци йина "Зенитан" форвардо Дзюба Артема, "Ахмат-Аренехь Iазапе атмосфера яра аларна, хаам бо Sports24 сайто.


"Сан уггар тамехь а, дика хетарг а дара Соьлж-ГIалахь, ас цигахь "Терекан" коьртачу тренеран болх беш. Уьш деган йовхон хенаш яра ас цигахь болх беш хилларш, даима а гIортор хаалора суна куьйгаллера, хIора Соьлжа-ГIалан клубан футболе хьажархочуьнгара", - аьлла Грозныйс. Цо билгалдаьккхина, Дзюбас мегар дацара ишттаниг дийца аьлла.


"Нийса хир дара, ша ала гIоьртинаг иза дацара, Соьлжа-ГIала ша юьйцуш аьлла шена бехк ца биллар дехча, - билгалдаьккхира Грозныйс. – Кестта хир йолуш Евро-2020 (чемпионат) а йолуш, иза (Оьрсийчоьнан гулйинчу футболан тобан) лидер а, тобан капитан а хилча. Черчесов Станислав ша а ву Кавказера, иза вара "Ахматан" тренер, цунна дика хаьа, мел лазаме ду, цу тайпа къамелаш лелаш хилар. ХIинца Черчесовс къамел дан а мега Дзюбица, таккха цо бехк ца биллар деха а мега дара ша аьллачунна".


Хьалхо Дзюбин дешнашна критика йира Госдуман депутато Газзаев Валерийс. Цо билгалдаьккхира, нохчийн футболе хьажархоша даггара гIортор йон шайн тобанна, кхечу мьлххачу а регионерчу хьовзархоша санна, ткъа Дзюбас вочу агIор мах хадо оьшуш дацара церан леларан.


"Шаьш цхьаъ дийцале юкъараллина бевзачу наха ларбан безара шайн мотт, ша дечуьнан ойла ян езара. Къилбаседа Кавказехь лардеш ду хьаша тIеэцарца доьзна низамаш", - дIахьедира Газзаевс.


ГIортор ца йира футболистана Москварчу "Торпедан" форвардо Лебеденко Игора а. "Сан билггала ала ду, Соьлжа-ГIалахь футболан матчашкахь дика атмосфера хиларх лаьцна, цигахь тIех дика стадион а ю. Цигахь тIамехьа хуьлу ловзуш", - билгалдаьккхира форварда.



Кху кIиранах "Грустная передача о футболе" ютьюб-каналана интервью луш Дзюбас элира Соьлжа-ГIалах лаьцна цигахь ша-тайпа атмосфера хуьлу аьлла. Iазапе. МостагIаллин дог-ойла йолуш. Спортсмено чIагIдарехь "Ахматана" дуьхьал матчаш уггар хала яра церан тобанна.
 "Ахмат" клубана хIокху кIиранах гIуда туьйхира, "Спартак" тобанца ловзар дIадоьдуш а долуш, стадионехь йолчу микрофонах пайда эцарна.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *