Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кхо кIира ду Нохчийчуьрчу ницкъхоша меттигера вахархо лаьцна, Iазапехь кхобу

Кхо кIира ду Нохчийчуьрчу ницкъхоша меттигера вахархо лаьцна, Iазапехь кхобу

Охан-беттан 23-чохь Нохчийчохь девзаш доцчу ницкъаллин декъо вадийра Устрада-ГIалахь веха 26 шо долу Берд-КIелара схьаваьлла Татаев Акраман. ХIетахь дуьйна гергарчарна иза стенна лаьцна хоуьйтуш елла яц цхьа а информаци. Бакъоларъярхошка орца дехна цара, догдоху Акраман "дезаденош чекхдовллалц Нохчийчохь даима дIахьош хуьлучу профилактиках чекхваккха вигина хиларх".

Татаев вадорца доьзна талламаш дIабахьар дехна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин республикерчу урхалле а, Талламан комитете а, прокуратуре а адамийн бакъонаш тергалъечу "Мемориал"центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца эцна и статус – редакцин билгалдаккхар).

"Гергарчара дийцарехь, билггал хууш ду цунна гIело еш хилар, иза тиларчуьра ваьлла масийттазза, ша волу меттиг, шех хуьлуш дерг кхетош а вац. Ша-шен вер тоьлу шена, Iазап ловчул, баьхна цо", - хаам бина Акраманан нанас Саламова Марема бакъоларъярхошка Стигалкъекъа-беттан 19-чохь.

Берах йолу шен зуда Сумая эцна дарбан хIусаме вахча лаьцна Татаев. Иза араяларе хьоьжуш, лаьттачу юкъанна Iаьржачу "Форд" машен чу хаийна Акраман, зудчунна гина цу чохь шен цIийнда. Машен чуьра аралилхина, Сумаягара телефон дIаяккха гIиртина могIарчу бахархойн духаршкахь хилларш, амма зудчо дIа ца елла телефон, шен цу чохь цIахь-чохь, паргIатонехь, хьиджаб йоцуш даьхна суьрташ а ду, бакъо яц шегара иза дIаяккха, аьлла. Цхьамма куьг а лаьцна машена тIетакхийна зуда, амма Акрамана Сумаягара схьа а эцна, йохийна цуьнан телефон.

Сумаяс, гIо доьхуш, мохь биттина, хиттина тIелеттачаьрга церан документаш. Зуда юьстах дIатеттина, охьа а кхоьссина, коьртах хIума тоьхна, Акраман тиларчуьра ваьккхина, машенан тIехьарчу хоийлашна тIе а виллина, дIавигина.

Татаевн нене меттигерчу полисхочо хаийтина иза Устрада-ГIаларчу полицин декъа дIавигинийла, аьлла, Акрамана дуьхьало йина, телефон йохийна, шен цхьа къайленаш ца хилча, цо иза дийр а дацара.

Да-нана хIора дийнахь лелла полицин неIаршка. Цара дIабаьхьна кхача дIа а оьцуш, кIантах лаьцна олуш хIума а доцуш, латтийна уьш цигахь.

Охан-беттан 29-чохь, буса 11 сахьт долуш ТатаевгIаьрга Устрада-ГIалин полицера кхо белхахо веана, дIавигина кIентех жимахволу Шемал а, Акраманан масех накъост а. Уьш шолгIачу дийнан сарахь дIахецна, гIело ца йина, боху "Мемориало". Учахь цIеххьана Акраман гар нисделла Шемалан. Халла лелалуш, юьхь, йиттина, эрчаяьккхина, бIаьрга кIел томмагIа а, датIийна балда а долуш гина цунна ваша.

Охан-беттан 30-чохь Сумая яхна полице. Цуьнца къамел дина декъан буьйранчин гIовса Джабраилов Iумара. Цо майрачух, цуьнан дахарх лаьцна хеттарш дина зудчуьнга. Коммуфляжан духарахь волчу шина стеган сурт гайтина цунна, уьш Акраманан телефон чуьра ду, аьлла. Акрамана и нах ницкъаллин структурашкара бу баьхна полисхошка.

Сумая рогIехь полице яхна Стигалкъекъа-беттан 12-чохь. Майра йиттина эрчаваьккхина гина цунна – вакъавелла, юьхь тIехь бос боцуш, Iадийна, зудчо шега ден къамел а ца хезаш. Кабинет чу веана Джабраилов. Мохь хьекхна цо, зуда а, майра а хIаллакдан деза, бохуш. Маьттаза мотт а буьйцуш, Джабраиловс гойтуш хилла инстаграмера схьаэцна ницкъхойн суьрташ, уьш Акраманан телефон чуьра ду бохуш. И суьрташ хьан дахкийтина дийца, баьхна полисхоша.

Сумая тешна ю Акрамане ницкъхойн суьрташ цхьаммо а дахкийтина дацарх. Акраман наггахь телеграм-каналашка хьожуш хуьлура, суьртийн файлаш шаьш телефонна чуIаьIна, аьлла хета Сумаяна.

Нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналан статистикаца, Охан-баттахь 47 стаг лачкъийна махкахь. 1ADAT-о билгалдоккху и терахь дуьззина дацар, лечкъийнарш кхин а дукха хилар. "Гергарнаш шайна бен бохамаш лечкъош мел Iен а, хийцалур дац хьал", - тешна ду и телеграм-канал.

Бакъоларъчечу "Мемориал" центрна хетарехь, дуьненаюкъара организацешка гIо деха деза Нохчийчохь нах бовш хиларца доьзна. Цхьаьнакхетаралло шен дIахьедарна бухадиллина 2017-чу шарахь, йина кхел а йоцуш, Нохчийчохь нах байъина хиларх долу гIуллакх.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В деревне округа Зарайск объявлен конкурс на реконструкцию сетей теплоснабжения

К проекту «Открой#Моспром» с начала года присоединилось около 1 млн человек

На ТВ решили показать последний сериал с участием Заворотнюк

Официальный курс доллара на завтра понижен на 4,4 рубля – до 82,63

Музыкальные новости

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Иерей Александр Туховский: Очень нужна помощь!

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Новости России

Занятие клуба юных моряков пройдет 20 июня в Обручевском районе

От специалиста до руководителя за 5 лет: сотрудница "ЭнергосбыТ Плюс" о карьерном росте в компании

Путин проехался за рулем Aurus в КНДР

Шара Буллет: спортсмены из Дагестана не видят никакой поддержки государства

Экология в России и мире

Blumarine, коллекция Resort 2025

PREMIER проведет фестиваль «Лето PREMIER» по всей России

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Спорт в России и мире

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Moscow.media

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок

В центре Орла машина сбила двух пешеходов

Зелёная щурка.

СЛД «Красноярск» компании «ЛокоТех-Сервис» получило право ремонтировать грузовой электровоз «Ермак» в объеме ТР-2







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *